Нохчийчоьнан некъан полицино (ГИБДД) 75 миллион сом барамехь гIуданаш тоьхна низамаш дохийначу машенлелорхошна кхушеран 8 баттахь. Стохка и терахь дара 68 миллион сом.
"Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, коьртачу декъана гIуданаш тоьхна машенаш чехка хехкарна а, адамаш дIасадигаран низам дохорна а, кхерамазаллин доьхка дIа ца тасарна а, иштта дIа кхин а.