ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Агора": Iедал цаларарца доьзна дукхаха долу гIуллакхаш доьзна ду Путинна критика ярца


 "Агоран" лого.
"Агоран" лого.

Iедал цаларарна бахархой жоьпе озорах лаьцна низам тIеэцаначул тIаьхьа 6 баттахь 45 административан гIуллакх теллина Оьрсийчохь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Агора" дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн тобанан докладехь.

Царах 78 процент гIуданаш тоьхна Путин Владимир сийсазвеш къамелаш дарна. Дисина гуданаш доьзна ду бахархоша губернаторийн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а сий дойуш къамелаш дарца.

Низам болх бан доладелчхьана 28 гIуда тоьхна Оьрсийчохь 845 эзар соьмана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG