ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маж а, хьиджаб а лелочарна тIом кхайкхийна Узбекистанерчу хьаькамо


Ферганан кIоштан куьйгалхо Ганиев Шухрат
Ферганан кIоштан куьйгалхо Ганиев Шухрат

Йоьдучу кхеташонехь шен куьйгакIеларчу хьаькамашка маж а, хьиджаб а лелочарна дуьхаьл кампани йолор тIедуьллуш, Ферганан кIоштарчу хьаькамо Ганиев Шухратан къамелан аудио кхачна узбекийн «Озодлик» сервисе. Редакцига аудио кхачийначара чIагIдо, дукха хан йоццуш дIаяьхьначу кхеташонехь дина къамел ду и бохуш.

Цул совнах, ауди тIехь Ферганан урхалхо ву бохучо сийсазбо шен белхахой, "Iовдалш" ю шу бохуш. Аудиога лаьдоьгIча кхеташ ду, цу кхеташонехь коьрта дийцарш хилла динех а, дешарх а. Къамел долошшехь кIоштан куьйгалхочо дуьйцу, юкъараллехь алсмабовларх "маж охьахецна " бусулбанаш.

"…царех 386 стаг – маж лелон боьха хIумнаш ю. Бинчу талламаша а гойту, тоянза мажош лело нах уггар а алсам бу Кокандехь а, Ферганахь а, Маргиланехь а, ишта Бувайдинскан а, Ферганан а кIошташкахь а. Цул совнах, билгалбевлла духаран култура а ца лоруш, йовлакхаш а, хьиджабаш а лело 851 мехкарий. Цаьрца уьш кхетош белхаш дIабаьхьна. Цул тIаьхьа царех 300 зудчо хийцира шайн хатI", - боху Ферганан кIоштан куьйгалхочун озаца луьйчу стага аудио тIехь.

Йихкина йолчу динан организацешна пропаганда ен 39 стаг жоьпе озорах а дуьйцу кхеташонехь хьаькамо. Кхин дIа боху цо, низамашца таIзар дан догIу пачхьалкхан хьукматашкахь ламазан чоьнаш схьаелларна а.

Аудио тIехь хезаш ду, урхалхочо гIалийн а, кIоштийн а куьйгалхоша шаьш бинчу балхах чуелла информаци а йоьшуш, юкъ-кара цо уьш аьшнашбеш.

"Лараме хьаькамаш, ас дIабоху шуьга: нагахь санна, шун гуламашкахь йовлакхаш техкина зударий суна гахь, со хьожур вац иза мила ю, хуьлийла иза хьехархо, бизнесхо, юкъаралхо, йа депутат, цуьнан коьртара йовлакхаш схьа а дохуш, ас шун бага дохкур ду", - бохуш, кхерамаш туьйсу Ганиевс.

"Стенгара долу царна и духар?", - хоьтту цо, кхеташонан декъашхошка. Жоп луш, цхьаммо олу "базарара оьцу".

"Муьлхачу туьканахь, муьлхачу йохкархочо духку цу кепара духарш? Цхьаммо вайн пачхьалкхе чудохьуш ма ду уьш. Вайца догIуш дац Iарбойн, туркойн, шемахойн духарш. Узбекхойн шайн къоман духар ду. Вайх Iемина бу уьш тIедуха а, тIаьхьо вайн духарш хIаллакдинехь а цара. Дист ца хуьлуш стенна Iа шу?", - хоьтту Ферганан куьйгалхочо гулбеллачаьрга.

Билгалдаккха догIу, цу кепара мажош а, хьиджабаш а лелочарна дуьхьал къийсам боло беза бохуш, ден къамел, дуьххьара ду, Узбекистанерчу хьаькамо иза а ца луш деш долу.

Дукха хан йоццуш "Озодлика" хаамбира, Ташкентехь а, Наманганскан кIоштахь а бертаза божарийн мажош дIаяьхна меттигаш бу аьлла.

Цул совнах, тхан хьосташа дийцира, Кокандехь къайлах хIиттош тептарш ду дIакъовлабелла школе лелачу зудаберийн а, церан дайн, нанойн а аьлла.

Ала догIу, Ферганан кIоштан хьаькам Ганиев Шухрат шогаллица вуьйцуш хиларх. Радионо масийттазза зорбане ехира, боьха мотт а лебеш, Ганиевс шен белхахошца къамелаш ден аудиош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG