"Кавказ" трассина тIера Хьалха-Мартана боьдучу некъан тIехь кхерамазалла чагIъян гIулчаш яьхна Нохчийчохь. Цу некъаца шина а агIор хIиттийна видео а, сурташ а доху камераш. Цунах лаьцна яздо "Нохчийчоь тахана" агентало.
Цу камарашца некъан полицино гулбийр бу некъаца леларан низамаш дохийначу транспортах лаьцна хаамаш. Царах пайда оьцуш толлур ду цу хьокъехь долийна административан гIуллакхаш.
Официалан болчу хаамашца 2019-чу шеран 8 баттахь Нохчийчуьрчу некъабохамашкахь кхелхина 74 стаг. Берриг а некъаца хиллачу 138 хиламехь лазийна а, зен хилла а ву 189 стаг.