ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЛадогIа тамехьа дацара"


Карелерчу набахтехь тутмакхаша латкъамаш бинчул тIаьхьа колонин хьаькамаша экскурси кхайкхинера журналисташ

Колонин куьйгалхочо Савельев Ивана чIагIонаш йо, тутмакхашна тIехь гIелонаш лелош яц шаьш, "Медиазонас" а, "Настоящее время" телеканало а, лецначара дуьйцу а бохуш, зорбане яьхна материалаш йоьшуш тамехьа дацара шена бохуш. Делегаци юкъахь хилла "Настоящее время" телеканалан корреспондент Константинова Алла а.

Колонехула экскурси дIахьочу хенахь
Колонехула экскурси дIахьочу хенахь

"Датта а ю дIайийна – и дика билгало ю! Даттано Iалашво. Нагахь санна, цхьанхьа кертахь йийна датта хилча, ишта олуш шира Iадат ду", - боху дукха хан йоццуш Карелехь омбудсмен хаьржинчу Бойченко Ларисас, Петрозаводскерчу колонин уьйтIахула йола а луш.

Федералан таIзар кхочушдаран урхалло (ФСИН) байначу беттан 26-чохь лоьмар 9 йолчу набахтехь пресс-тур вовшахтоьхнера. "Медиазонас" а, "Настоящее время" хьостано а шайн агIонашкахь яздинера, оцу набахтехь тутмакхашна тIехь Iазап лелорх а, царна еттарх а, ишта кхиндолчу колонин белхахоша дуьхьалдохучу зуламех лаьцна а.

Журналистех а, омбудсменах а, юкъараллан тергамчийн комиссин декъашхойх (ОНК) а лаьттачу делегацина хьалхаваьлла вара 32 шо долу колонин куьйгалхо Савельев Иван. Набахтехь хан яьккхина арабевллачара а, карарчу хенахь хан токхучара а чIагIдора, лецначарна еттара Савельевс бохуш.

Гулбеллачаьрга маршалла а хоттуш, Савельевс боху, зорбане даьхна дийцарш "эргIаде а, хила йиш йоцург а" ду. Журналисташна бакъо ло ша элира цо, набахтен муьлххачу а маьIиге хьовса, долчу хьолах ма дарра дийцийта шена лаарна.

Тутмакхийн дийшар-гIаттар долчу чоьнаш чу дуьгу тхо дуьххьара: болх беш воцу 60 тутмакх ву цхьана куп чохь дIатарвина. Буьйшучу агIор масех могIарехь охьахIиттийна маьнганаш ду, хIоранна а тIехь йозанца билгалъяьккхина цу тIе вуьжучу тутмакхан цIе а йолуш. Оьрсийчуьрчу ФСИН-ан куьйгалхочун гIовса Ломонос Андрейс бахарехь, хIусамчохь шиъ еакIов метар меттиг кхачон йогIу цхьана тутмакхна.

Карелехь депутат лаьттина, кхаьънаш эцарна а, курсанташ хьийзорна а бехкевина Романов Иван тIевалаво журналисташна.

Тутмакх Романов Иван
Тутмакх Романов Иван

"Суна кхузахь дерриг а товш ду, куьйгаллана доккха беркалла ала лаьа суна, къаьсттина Савельев Иванна, - боху Романовс. – Стаг адеквате велахь, цуьнгара даха бехкаш хуьлийла дац. Боккхачу лаамца къамелаш дийр дара ас журналисташца, сан дуккха а ду дийца. Тахана дуьххьара аьтто баьлла сан бакъдерг ма дарра дийца. ХIунда аьлча, тIаьххьарчу деа шерачохь массо а Iаламат чIогIа дуьхьал вара со вистхилийта. Шуьга шайгга дийца дуккхаъ дара сан".

Экс-депутатца къамел дирзинчул тIаьхьа тхан делегаци сирчу шина гIишлонна уллохула йолу. Аьтту агIор - ПТУ ю чIапа тхов а болуш. Аьрру агIор – ШИЗО-н а, СУОН-ан а гIишлош ю. Тхов тобеш бу кхузахь дукъ долуш хилийта. Тхов туьллурш а шаьш тутмакхаш бу аьлла, дийцинера адвокате Молодежников Викторе хан токхучу Магомедов Магомеда.

ГIудан изоляторан хьалхарчу гIат тIерчу камераш чохь дIатарбина шаьш цхьацца чохь латтон тутмакхаш. НеI йоьллу цхьана камеран - цу чохь дохийна балда долу тутмакх ву.

"Цхьана а кепара дан арз дуй хьан? Претензеш, проблемаш, дIахьедарш дуй хьан?, - шога хотту Савельев Ивана. "Дац", - корта ластабо цо. ХIун дина валийна хьо ШИЗО аьлла, журналисташа шега хаьттича: "Цхьана конфликте ситуацехь нисвеллера со", - олу тутмакхо.

Тутмакх Губашев Анзор
Тутмакх Губашев Анзор

Немцов Борис вийна аьлла, лаьцна, хенаш тоьхначу пхеаннех цхьаъ – Губашев Анзор а ву кхузахь латтош. Колонин куьйгалхочо боху, тоххара Губашевца "цхьана эшшарехь" юкъаметтигаш яра шен: "Цхьаболу адвокаташ цунна тIе эха буьйлабаллац. Дуьхьал тийсалуш Iедал а дацара цуьнан. Цо ша а бакъдийр ду-кх и", - дуьйцу набахтен хьаькамо.

Ткъа Губашевс кхин дуьйцу: "Соьга ламаз ца дойту, сан КъорIан а датIийна. Шу догIур дуйла а хууш, тахана вовшахлатийна иза. Карелерчу ОНК-н декъашхошка а, Карелин муфтийга а латкъамаш бина ас: "Тхо тасаделла дохку, тхайн ницкъ мел берг до оха" олу цара а.

Кхечу Оьрсийчоьнан набахтешкахь а хилла со, амма кхузахь санна харцонаш гина яц суна. Доллу Iа шийлачу камера чохь текхна ас. Шело ца лалуш, маьхьарий оьху кхузахь тутмакхийн. Суна етта а ца йиттина, йа шийла хиш тIе а ца Iенийна, амма цу кепарниг кхузахь лелош хиларх дийцина суна кхечу тутмакхаша. Кхо кIира а ду суна тIе адвокат ца вуьту, хIунда аьлча, ас арз динера, сан дIахьедар зорбане а даьккхира. Тутмакхашна етташ хилар ас тIечIагIдо, суна хезна дуьйцуш. Хьан етта? Кхара етта-кх, тхан куьйгалхоша – Савельевс а, Ковалевс а. Шу дIа ма даххара, цара кхин дIа а шайниг лелор ду", - дийцина Губашевс.

ГIуда тухучу изоляторчуьра дIа журналисташ машенашна пхьалгIа дечу меттиге буьгу. Кхо кIира хьалха кху чохь ирхъоллавеллачуьра охьаваьккхинера 32 шо долу тутмакх Кушмуродов Баходур.

Набахтехь велла Кушмуродов Баходур
Набахтехь велла Кушмуродов Баходур

Тутмакхаша дийцарехь, ша лечу дийнахь Баходур автосервис чохь хиллера.

"Iуьйранна цхьайтталгIачух итт минот яьллачу хенара шийттолгIачух пхийтта минот яллалц со дIасаваьллера, ткъа со юхавеача зонан а, автосервисан а бригадираш бара кхузахь. Баходуран дакъа а дара Iуьллуш, - дагалоьцу пхьалгIа дечу тутмакха Неелов Павела. – ХIаъ, хила тарло иза ша чохь хилла а".

Колонин куьйгалхочо Савельевс дийцарехь, Талламан комитето кхаьргара дIаяьхьна цу дийнахь камеро дIаязйина видео. Цу тIехь гуш ду боху цо, ламеш тIехула Баходур шолгIачу гIат тIе хьалаволуш. Тоьхначу хенал а хьалха маьршаваккха бакъо ца еллера цунна, дуьйцу ФСИН-ан векало Ломос Андрейс, оьшуш мел долу кехаташ вошахтоьнашшехь.

Шен да кхелхичхьана чIогIа сингаттамехь вара иза боху Савельевс: "Узбекистанера дуьйна Питере да веанера иза волчу. Ах шо хьалха кхелхинера цуьнан да. Дог доьжна вара иза хIетахь дуьйна. Воьлхура иза, мохь хоькхура цо. Балхара а мукъа витинера оха иза шина кIиранах".

Шен нене дукхазза колонехь етта бохуш, латкъамаш бина Мустафаев Меджид а ву кху автосервис чохь болх беш. Колонин хьаькамо пурба ло цунна, тутмакхашна латточу хьелех а, шена цатовчух а дийца.

"ХIинца дерриг а дIанисделла, шен меттахь ду, - вела а къежаш, олу цо. – Кхин сов ала хIуммаъ дац сан. Аттачу хьелашка дехьаваьккхина со. КIиранах цкъа нене телефон тоха йиш а ю, тIаьххьара кхо бутт хьалха гина суна иза. Цкъачунна кху чуьра болх дика хета суна, амма кханене тешам бац сан".

Набахтера тутмакхаш
Набахтера тутмакхаш

Лоьраш тIе ца кхачабо бохуш, арз дина Умаров Ахьмад а валаво журналисташна хьалха. Ша тоххара аьллачунна тIера ца волу иза а: "Оьшу дарба ца до суна, лоьраша соьгарчу хьолах харц диагнозаш хIиттайо. Сан ахкорта лехна бу, голаш а, букъсурт а лозуш ду, цIий дIаоьху сан. Соьга олу медикан-санитаран дакъа – и ша къаьстина кхи агIо ю, цундела колонин администрацига цхьа а претензеш яц сан. Сайн йисина хан даймахкахь, Нохчийчохь такха лууш ву со".

Экскурси дIайирзинчул тIаьхьа, Савельев Ивана журналисташ шен пресс-конференци кхойкху. "Медиазонан" а, "Настоящее время" телеканалан а артиклаш шена хьалха охьайохкий, цо дIахьедо, цу тIера хIора абзацах жоп дала кийча ву ша аьлла.

"Сан биографехь дуьххьара ду хIара тайпа хIума, ткъа кху системехь ас болх бен 11-гIа шо а ду, - дуьйцу кхин дIа Савельевс. – Селхана Талламан комитете а вахна, сайн репутацех лаьцна официалан дIахьедар чуделла ас. Ас чIагIо йо шуна, реакци хир ю аьлла. Бехкзуламан гIуллакх дуьхьалдоккхур ду, Iедалан векал аьшнашварна. Со тешна ву, хаамийн гIирсийн векалш а, зорбанашкахь цIерш яьхна тутмакхаш а кху юкъа балор бу аьлла.

Шайн коллегас бохучунна тIетов Карелерчу ФСИН-ан куьйгалхочун гIовс Ломонос Андрей а: "Оьзда а, этике а дац" колонин хьаькам "экха" ду алар.

Хетарехь, цо тидаме эцнарг ду, тутмакх хиллачу Погосян Рубенан колонин хьаькаман къизаллех дуьйцуш аьлларг.

Савельев Ивана тIетуху, шех лаьцна яздечу журналисташа "Лоьмар 9 йолчу колони балха "кхаьчна" алар шена цатарах:

Колонин хьаькам Савельев Иван
Колонин хьаькам Савельев Иван

"Кхаьчна! Кхаьчна! Оцу дешнашка ладогIа а тамехьа дацара суна. Оцу дарже со гIерта дуккха а шераш дара. Дашочу мидалца школа яьккхина ас, цул тIаьхьа лакхара доьшийла чекхъяьккхина, ФСИН-ан Академи деша ваха лаам а бу сан. Сайн шерашкахь эзарнашкахь нахах лаьттачу эскаран урхаллехь ву со, хилийтахьа уьш, тутмакхаш а. Амма "кхаьчна" бохучу дашо сан сий дойу. Сан а, дуккхаъчу суна гергарчу нехан а".

Материал язйиначарна интервью яла ша дуьухьало йира боху Савельевс, хIунда аьлча, и сацам шен куьйгалло тIеэцарна.

"ФСИН-ан пресс-гIуллакххошца дагадуьйлу тхо дечух. "Настоящее время" телеканалан журналистера комментари йоьхуш, кехат кхочура соьга, амма сайн куьйгалло аьлларг а дина, дуьхьал хилира со вистхила", - элира набахтен куьйгалхочо.

Рахматов Рахматжон валарх тутмакха Тарасов Сергейс адвокате дийцарх текстехь билгалдаккхар ишта туьду колонин хьаькамо: "Талламан комитето динчу зерийн жамIашка хьовса. Цу тIе, кхело бина сацам а бу. Бехкзуламан гIуллакхан гурашкахь дукха лерина бина талламаш бара уьш: хеттарш а деш, экспертизаш а йохуш, гистологи а оьцуш".

Динца доьзна Губашевс бен латкъамаш, шена терго тIеозорхьама лелош хIума ду аьлла, хета Савельевна.

"Администрацино камерашчухула талламаш бечу заманчохь ламаз дан хIутту Губашев аьлла хета-кх суна. Шен терго яйта, оцу леларшца конфликте хьал хIоттон", - боху Савельевс.

"Шуна массарна а хууш ма ду, дуьненан пачхьалкхехь вай дехаш дуйла а, вайн Конституци хилар а, - дуьйцу Савельевс. – Цуьнан низамийн бух тIехь дIанисдина ду тхан режиман хьелаш а. Тайп-тайпанчу динашкара схьабевлла векалш бу тхан набахтехь. Цундела ца нисло тхайн къепе цаьрца масаьрца а нисъян.

Дийнахь 20-зза ламаз дан дезаш ву со аьлла, кхана цхьа тутмакх гучувалахь, тхан таро яц цуьнан аьтто бан. 150 гергга бусулба стаг ву кху чохь латтош: уьш реза бу массо а хIуманна.

Ткъа Губашевца дерг аьлча, шен цхьа принципаш хьалхаяьхна лелаш ву иза. ШИЗО-хь иза латтор хIун ду, оха масийттазза дIахьедина цуьнга, администрацин векал чу веача, хьо хьалагIатта везаш ву бохуш. Амма иза ца гIотту".

Карелерчу ФСИН-ан куьйгалхочун гIовс Ломонос Андрей
Карелерчу ФСИН-ан куьйгалхочун гIовс Ломонос Андрей

Нагахь санна, Губашевн КъорIан датIийнехь а, хIуьттаренна дина дац боху Савельевс: "Со кIорггера тешна ву, цхьа моттаргIане хIума ду иза аьлла. Дийнахь шозза КъорIан схьаоьцуш ду цунах хьовса, Губашевна иза цатовш хила а мега. Амма со дIоггара тешаш-м вац, иза хIуьттаренна датIийна бохучух".

Тутмакхашна тIехь латтош Iазап дац бохуш, чIагIонаш йо хьаькамо. Лоьмар 503 йолчу федералан низамо могуьйтуш ду боху цо, цхьайолчу меттигашкахь тутмакхна ницкъбан.

"Куьйгаш букъа тIехьа дахийта тарло тутмакхийн, нагахь тIаккха а уьш совцуш бацахь, спецгIирсашца меттабалабо уьш",- тIетуху шен къамелахь Ломонос Андрейс.

Масала, бакъо ю боху цо резинан гIаж тутмакхийн "когех а, кIедачу меттигех а етта".

"Шен цхьа режим а йолуш меттиг бу хIара. Дац кхузахь йа къаьркъа а, йа наркотикаш а. Цунах оха дозалла а до. ТIейогIучу заманчохь а ишта къепе латтон гIерта тхо", - боху Ломоноса.

Цхьаъ-шиъ стаг ву боху Ломоноса ситуаци марсаяккха, талхон гIерташ. "Бисинчара хIуммаъ хIунда ца олу? Аш эр ду: кхоьруш Iа уьш! Аргумент ю иза? Оха бакъо елир-кх шуна шайна ма хетта кху чухала дуьйладала а, хьанцца а къамелдан а.

Шайна тIехь ницкъбо бохурш а хезира шуна, цара-м кхи дIа а дуьйцур ду изза. Амма шуна шайна ма хезира бисинчарна хетарг. Тутмакхаш чохь латтон хьелаш а гира шуна. Диларш дIакхуьйсийла ю кхузахь? Яц. Адамашна хан яккха битаме хьелаш ду кхузахь, - боху Ломоноса. Ишта эмоциалехь тIетуху цо: "Амма! Кхузахь "акхарой" яц".

Петрозаводскерчу колонехь
Петрозаводскерчу колонехь

Дагестанан экс-депутато Магомедов Магомеда адвокате ахчанаш доху шайгара бохург а бакъ цахиларан "200 процент" ю боху колонин хьаькамо Савельев Ивана.

"Цхьана хIуманах" мах оьцуш бац шаьш бохуш, чIагIонаш йо цо. Магомедовца цхьанакхета журналистийн аьтто ца хилира: СУОН-ехь (шога хьелаш долу меттиг) хан йоккхуш ву иза, цигахула экскурси ца хилира.

Таро ца хилира ишта тутмакхца Шабанов Ильяца (ненан дехарца цуьнан цIе хийцина) дистхила а. Колонехь болх бечу хенахь биъ пIелг дIа а боккухш, лазийна ву иза.

"Настоящее время" телеканалан а, кхин а шина гIирсан журналисташна а дош делера набахтен хьаькамаша пресс-конференци йирзинчул тIаьхьа цуьнца цхьанакхетар хуьлуьйтур ду аьлла, амма Савельевн ойла хийцаелира, тхан корреспонденто "озабезамца позици" лаьцнера а аьлла.

Лоьмар 9 йолу ИК
Лоьмар 9 йолу ИК

Рахматов Рахматжона еттачаьрца Савельев Иван а вара бохуш, дийцина Тарасов Сергей видео тIехь бен ца гайтира журналисташна. Адвокатца къамел хиллачул а тIаьхьа, набахтерчу лазартне дехьаваьккхираа иза. ЦIеххьана адвокат ца оьшу шена аьлла, дIа а хьедира цо.

"Тарасовх лаьцна долчух а кхеташ ду. Шуна гайта кийча ду тхо, - боху Савельевс, видео хьала а латош. – Цигахь Тарасовс боху, адвокато ишта ала тIеверзийра ша, хIунда аьлча….хIаъ".

"Видео "хадоза" ю боху Савельевга цхьахволчу цуьнан коллегас. "Хьовсур ду вай", - олу вукхо, видео кхин дIа а луьстуш.

"Цо боху, адвокато дехар динера шега колонин куьйгалхой бехбеш, къамел де аьлла", - журналисташка дуьйцу Савельевс. Амма Тарасовс дуьйцург къаьсташ а дац.

Оцу видео тIехь хеттарш дечу колонин белхахочо-зудчо хоьтту Тарасовга: "Адвокато хьехнера хьуна харцдерг дийца аьлла?" – "ХIан-хIа, тхо дерг дуьйцуш Iара", - жоп ло вукхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG