ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох велла уьрсан чов хилла Талламан комитетан белхахо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москох реанимацехь велла гIалин юккъехь урс тоьхна лазийна хилла Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьртачу аппаратан белхахо полковник Капустин Владислав. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, лоьрашна тIе а тевжаш.

Оршотан дийнахь вевзаш воцчу стага уьрсаца тIелатар динера цунна Талламан комитетан коьртачу гIишлонан чекхволийлехь.

Цу комитетан векало бинчу хаамца, тIелатар динарг лаьцна ву. Цуьнца дIахьош бу талламан болх. Цуьнан цIе хIун ю а, иза тIелетаран бахьана а цкъачунна хууш дац.

ТIелетар дечу хенахь Капустин белхан декхарш кхочуш деш хилла, нах тIеэцаран гIуллакх вовшахтухуш. Чов хилла полковник дIакхачийнера сихха гIо дечу дарбанан цIийне.

"Интерфаксо" дийцарехь, кхелхинарг дакъалоцуш ца хилла бIаьрлагIа бехктакхаман гIуллакхаш талларехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG