ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьрчу отелехь чамда юьззина даарш арадаха гIоьртина Оьрсийчуьра туристаш


Оьрсийчуьра туристаш гIоьртина Туркойчуьрчу отелехь чамда юьззина ресторанера лечкъийна даарш шайца дIадахаьа. Цунах лаьцна хаам бо Haberturk зорбан гIирсо.

Инцидент хилла Манавгат гIаларчу хьешан хIусамехь. Оьрсийчуьра садаIархой дIабоьлхуш цхьана туристе багажан чулацам гайтар дехна отелан белхахоша.

Цуьнан чамдин чохь карийна оцу Iуьйранна отелан ресторанехь беллачу кхачананан даарш а, тоьрмигашна чохь дIасабекъна стоьмаш а, цхьацца маларш а. Туристаш дIабахийтина, лечкъийна сурсаташ схьа а даьхна.

"All inclusive" олу, доллучух а мах дIабелла хиларан система йолчу отелан векало дийцарехь, хьеший, куьг а таIош, варе бинера кхача а, маларш а отелан чоьнашка кхехьар дихкина хиларх лаьцна. Оьрсийчуьра туристаш нийса кхетта хир бац отелехь лелачу низамех, бохущ вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG