Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп догдохуш ву Шеман къилбаседехь кхерамазаллин зона кхоллар хьокъехь Iамеркан президент Трамп Доналд шега тешалур ву аьлла.
Туркойчоь реза яц Iамеркица цхьаьна Шеман дозанехь кхоьллинчу цхьаьна операцеш дIаяхьаран Центран стратегина. Туркошна хетарехь, цо доза тоьхна Ефрат хинна малхбалехьа болчу курдойн ницкъашна дуьхьал операцеш дIаяхьарна. Ткъа и тобанаш Хонкаро тIеоьцуш ю шайн къоман кхерамазаллина кхераме йолуш санна.
Туркойчоьнан а, Iамеркан а ницкъаша цхьаьна гIаролла дар долийна Шеман дозанехь Гезгмашин-беттан 8-хь. Амма цу Iалашонна юкъалаьцна меттиг дукха кIезиг ю туркоша сатийсинчул а.
Туркойчоьнан Iедал, шен коьртехь президент Эрдоган а волуш, тIера ца долу кхерамазаллан зонанан кIоргалла 30-40 километар хила еза бохучунна. Туркошна хетарехь, Раккина тIера Дейр-эз -Зоре кхаччалц йолу меттиг "машаран коридор" хила еза, ткъа цига ваха охьахао веза карарчу хенахь Туркойчоьнан территори тIехь ханна дIатарвина 3 миллион мухьажир.