ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерригдуьненан вайнехан конгресс вовшахтохар шен хеннахь доцуш хетта нохчашна а, гIалгIашна а -- "Кавказский узел"


Туркойчоь -- Истанбул
Туркойчоь -- Истанбул

Дерригдуьненан вайнехан конгресс дIахьярх лаьцна хаттар дийца кхеташо вовшахтоьхначу наха шуьйра даржийна шаьш Истанбулехь цхьаьнакхетар, амма цигахь дакъалоцуш вацара 30 стаг а, хаам бо "Кавказский узело".

Дийцарехь, Туркойчуьра нохчийн диаспора а, гIалгIайн жигархой юьстах севцна цу мероприятина, цу кепара конгресс дIаяхьар шен хеннахь доцу гIуллакх ду аьлла.

Кхеташо вовшахтоьхначара гайтина шаьш Оьрсийчоьнан Iедалшна муьтIахь хилар, ткъа декъашхошна юкъахь хилла Iедалхой а, билгадоккху "Кавказский узело".

Уфахь (Башкортостан) регистраци йинчу Къаьмнийн юкъаметтигаш кхиоран "Машаран институт" регионийн юкъараллин тобано кхеташо дIаяьхьира Гезгмашин-беттан 29-хь Туркойчуьрчу Истанбулехь, дуьненчохь дуьххьарлера вайнехан конгресс кечъян дохку шаьш аьлла.

Цу кхеташоне кхойкхуш "инстутутан инарлан секретаро" Плиев Руслан цIе йолчу стага кехаташ дахьийтинера Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а юкъараллин жигархошка, Дерригдуьненан вайнехан конгресс вовшахтухуш ву ша аьлла.

Шен кхайкхамашкахь цо иштта яздора, конрессо дийцаре дийра долуш ши хаттар ду бохуш: "къоман хелхар а, ненан мотт а ларбар".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG