ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Соколов" латточу изоляторехь хилла Оьрсийчоьнан дипломаташ -- зорбанан гIирсаш


Берилин, Оьрсийчоьнанан векалаллина хьалха хиллачу дуьхьалонан акцин декъашхой
Берилин, Оьрсийчоьнанан векалаллина хьалха хиллачу дуьхьалонан акцин декъашхой

Нохчийн мухIажир Хангошвили Зелимха верна бехке хила мега аьлла шеко йолуш лаьцна "Соколов Вадим" латточу Берлинерчу талламан изоляторехь хилла Оьрсийчоьнан ши дипломат. Цунах лаьцна яздо немцойн Spiegel Online а, Deutsche Welle а зорбанан гIирсаша, яздо Кавказ.Реалиино.

Дипломаташ бахана хилла Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна аьлла шайна ма хеззина. Цара къамелаш дина оьрсийн маттахь, тIехьожуш а, ладугIуш а стаг воцуш. ХIун дийцина хууш дац.

Цу тайпа процедура ян бакъо ю дипломатийн юкъаметтигашкахула йолчу Венехь тIелаьцначу конвенцица а догIуш, амма оццул сиха а, эвсараллица а Оьрсийчоьно лелориг тамашийна хета Spiegel Online зорбанан гIирсана.

Зулам дарна Оьрсийчоь декъа хиларан тоьшалла ду аьлла хета немцойн зорбанан гIирсашна, Хангошвили вуьйш лелийна герз мичара схьадеана бохург а. Юьйцург ю 1986-чу шарахь Австрера Эстонина йоьхкина Glock тапча.

Хетарехь, зуламан декъахоша "Соколовга" герз дIаделла иза Варшавера Берлине воьдуш.

Нохчийн тIемало хилла Хангошвили вийра Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинехь Маобит кIоштахь рузбанан маьждиге воьдуш. И зулам дарна шеко йолуш лаьцна ву "Соколов Вадим" цIарца вуьйцу Оьрсийчоьнан вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG