Нохчийчохь кхиазхошна электронан цигаьркаш йохкар дехкар хьокъехь низаман проект йийцаре йийр ю Нохчийчуьрчу парламенто еарин дийнахь. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.
Нохчийчу цу тайпа цигаьркаш яр а, уьш республикехь йохкар а дехка дагахь ву ша аьлла, дIахьедар динера Кадыров Рамзана Гезгмашин-беттан чакхенехь. Цо чIагIдарехь, уьш вуно зене ю бахархойн могушаллина.