ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латта такха кхерам болчу меттигашкарчу бахархошна ахча лур ду Нохчийчохь


Латта такхар ЦIе Веданахь, 2016
Латта такхар ЦIе Веданахь, 2016

Латта такха кхерам болчу меттигашкарчу бахархошна ахчанца гIо дийр ду Нохчийчохь. Цу хьашташна билгалдаьккхина ду 99 миллион сом, яздо Sevkavportal.ru сайто.

Болчу хаамца, федералан бюджетера субсидеш лур ю латтанаш такха кхерам болчу асанашкара бахархой республикехь мелла а кхерамазалла йолчу меттигашкахь баха ховшо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбан сервисо бинчу хаамца, республикехь карарчу хенахь латта текхна йохо мегачу хIусамашкахь вехаш ву 25 эзар вахархо.

Ала догIу, цу программан Iалашонна федералан бюджетера республикана 2015-чу шарахь дIакхачийнера 2 миллиард сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG