ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н белхахо хилла Алероев бехказвоккху сацам хийцина Москох кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москох гIалин кхело юхакъасто хьажийна Оьрсийчоьнан ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхаллан белхахо хиллачу Алероев Iаьрбин а, цуьнан хила мегачу шина декъашхочун а бехктакхаман гIуллакх. Хьалхо совдеган вер кечдарна уьш бехказбаьхнера бехккъасторхоша, хаам бо "Коммерсанто".

Воронежера бизнесхо Москох вер кечдарна Алероев а, цуьнан ши бертахо Замураев Иван а, Нальгиев Ислам а бехке вац аьлла вердикт тIеийцира Оханан-баттахь Мосхох Савелевскин кIоштан кхелехь 2016-чу шарахь Мангалан-баттахь.

Талламхойн версица, Нальгиев Ислама мила ву ца хуучу стагера 30 эзар доллар ахча эцна хиллера, Воронежера бизнесхо Корнев Кирилл верна. Иза кхочуш дар Нальгиевс тIедиллинера шена вевзаш волчу шина стагана Алероевна а, Замуруевна а. Бизнесхо вен цара лаьцнарг зулам дечу меттана полице вахана хиллера.

Кхелехь бехккъасторхойн шеко кхоллаелла иза баккъалла а хилла хIума ду бохучух. Кхеле озийнарш цу декъана бехказбехира. Нальгиев бехаказваьккхина, бакъо а йоцуш, герз лелийна бохучух а.

Алероев Iаьрби а, Замуруев Иван а къера хилира цу агIор шаьшшина бехк хиларна. Цу шинна хан кхайкхийра 2 шо 7 бутт хIоранна а. И хан цара талламан изоляторехь яккхарна кхуьа а дIахийцира кхелехь.

Алероевс суьдехь динчу тоьшаллашца, иза дагахь хиллера бизнесхо тапчица кхеро (бизнесмен чохь волу машенан кор а дохийна, тIе тапча а хьажийна, "юха кхечу агIор дуьйцур ду" ала дагахь хиллера иза. Амма ша лоцучу хенахь цо дийцинера ша Корневна шозза тапча тоха кевелла вара аьлла.

ГIадужу-беттан 2-хь Савелевски кхелан сацам юхабаьккхира Москох гIалин кхело, и гIуллакх юхаталла оццу кхеле дIа а хьажош.

Эшам хилла Корнев реза ву Москох гIалин кхело бинчу сацамна. Цуьнан адвокаташ кечлур бу керлачу кхелан процессана, боху совдегаран векало Расташевскийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG