ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь карийна, йиш а локхуш, махбаран хIусам йогуш яьккхинчу видеон автор


Нохчийчохь карийна, йиш а локхуш, Соьлж-ГIалахь "Гранд Парк" цIе йолу махбаран хIусам йогуш видео яьккхина жима стаг. И видео гинера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна. Iедалехь кхеташо дIахьош цо дIахьедар динера, цуьнан автор, шеко а йоцуш, схьакарор ву шайна аьлла.

Иза иштта хила а хилла. Instagram-хь маситта стага видео дIахIоттийна, белхалочун духар а доьхна, яьгначу махбаран центрана гонахарчу меттигана нуй хьоькхуш жима стаг а волуш. Цо ша Ибаев Адам ву боху "Гранд Парк" йогуш, йиш а локхуш, видео яьккхина волу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG