"Диканан а, машаран а республика" (Республика добра и мира) цIе йолу динан-патриотизман къовсадалар дIадаьхьна Соьлж-ГIалахь Эсамбаев Махьмудан цIарахчу бульварехь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Соьлж-ГIалин денна хьажийна йолу и мероприяти вовшахтоьхнера Нохчийчуьрчу Динан урхалло а, "Даймохк" гIоьналлин фондо а.
Волонтераша Ислам дин довзарца доьзна хаттарш делира урамехула дIасалелачу нахе. Цхьадолу хаттарш доьзна дара Соьлж-ГIалин историца.
Дийцарехь, бахархоша гайтина шайна бусалба дин дика девзаш хилар.