ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2 бутт кхаьчна бер делла Москохара Соьлж-ГIала догIучу кеман чохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москохара Соьлж-ГIала догIучу кеман охьахаа дезна Волгоградерчу аэропортехь, цу тIехь 2 бутт кхаьчна бер далар бахьана долуш.

Зорбанан гIирсаша яздарехь, 2 бутт болу йоI сихонца дIакхачиййна хилла дарбанан цIийне, амма реанимацин мероприятеш йина лоьраш гIорасиз хилла иза кIелхьаръяккха.

Болчу хаамца, дуьненчу еза цамгарца даьллачух тера ду и бер. И бахьана долуш делла хила мега иза кеман чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG