Гуьмсан гIалин кхело колонехь даккха 4 шо хан тоьхна меттигерчу яхархочунна Ю. Заретина, бакъо а йоцуш наркотикаш йохкарна. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийчуьрчу прокуратуро.
"Суьдехь дов луьстуш гучудаьлла, оцу зудчо кIомал йоьхкина хилар оперативан-талламан мероприятехь дакъалоцучу стагана", - аьлла ду прокуратурин пресс-релизехь.