ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ганди МахIатман чим чохь болу урна лачкъийна Индехь


Ганди МахIатма.
Ганди МахIатма.

Инди маьршаяккхаран боламан хьалханчан Ганди МахIатман чим чохь болу урна лачкъийна цу мехкан юккъерчу штатерчу мемориалан чуьра. Цу чохь долчу политикан сурташна тIе яздина "ямартхо" аьлла. Иза хилла Гандин 150 кхаьчначу дийнахь ГIадужу-беттан 2-хь, хаам бо The Wire зорбан гIирсо, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Ганди вийра 1948-чу шарахь Дечкен-баттахь. Цуьнан дакъа дагийра, ткъа чим, индуистийн ламасташца догIуш доццушехь, маситта декъе бийкъира. Царах цхьа дакъа дара латтош Мадхья-Прадеш штатерчу мемориалехь.

Къола дар а, вандализм лелор а гучуделира мемориалан ков дIакъовла ваханчу тIехьажархочунна. Къоладинарш лохуш ю полици.

Британин администрацина нуьцкъала йоцчу дуьхьалонна коьртехь вара Ганди. Дуккха а индийхошна иза къоман да лору. Ганди хьалхаваьлла а волуш мохк маьршабелира 1947-чу шарахь.

Цуьнца цхьаьна цунна критика еш бу радикалан индуисташ, махкарчу бусалба бахархошца маслаIат лоьхуш хилла хиларна. Цара Ганди бехке лору Британин Инди шинадекъе екъаяларна – Инди а, Пакистан а ши пачхьалкх а кхуллуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG