ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ловзаргахь летта Дагестанские огни мэран когаметта а, Дербентан мэран хьехамча а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанехь прокуроран гIоьнчо зуда ялийна меттиг дIайирзина, там боцург а хуьлуш, хаам бо «Регион online» сайто. Ловзарга кхайкхина хилла тайп-тайпана хьеший. Лараме хьешашна юкъахь хилла Дагестанские огни галин мэран когаметта Назаралиев Эльдар а, Дербент гIалин мэран хьехамча Бремов Брем а.

Малар тIехдаьллачул тIаьхьа цхьаъ къийса волавелла и шиъ. Корта бахийначу мэран когаметто Дербентан мэран хьехамчан юьхьтIе водка тоьхна, амма цунах тоам а ца хилла, шен дуьхьалончан коьртах малар чохь долу шиша тоха а гIоьртина иза. Дуьхьало еш Брема дохийна шиша.

Юкъаметтиг кхоччуш къасто дагахь дов даьлларш арабевлла банкет йоьдучу чуьра. Мохе бевллачул тIаьхьа оьгӀазло карзахъялар дайначух тера ду цу шиннан. Кхин дIа юкъаметтигаш къастош ца Iаш, дIасаваьлла ши Iедалхо.

Полице хиллачух лаьцна хаам ца бина цхьаммо, - хаам бо Baza Telegram канало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG