ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалин байракхна тIелатийна СССР хиллачу хенан орден


Кадыров а, ЦIен байракхан орден а (коллаж)
Кадыров а, ЦIен байракхан орден а (коллаж)

Соьлж-ГIалин байракхна тIелатийна Советан пачхьалкх йолчу хенахь цунна елла хилла ЦIен байракхан орден. Иза дина Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, гIалин Денна хьажийна мероприятеш дIахьош.

Дийцарехь, орден яйна хилла 1995-1996 шерашкахь Нохчийчохь тIом боьдуш, ткъа иза схьакарийна Кадыровна.

ЦIен байракхан орден елира Соьлж-ГIалана 1924-чу шарахь Чиллан-беттан 26-хь ВЦИК-ан президиуман сацамца.

Соьлж-Гала кхоьллина Де официалан кепара даздеш ГIадужу-беттан 5-хь делахь а, Буьрса (Грозная) гIап кхоьллина 201 шо кхаьчна Мангалан-беттан 22-чу дийнахь. Ткъа ГIадужу-беттан 5-хь ша вина 43 шо кхачар даздеш ву Кадыров, билгалдоккху Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG