ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьцнарг вадитарна полисхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчохь бехктакхаман гIуллакх долийна лаьцна стаг кхеле вуьгуш вадийтинчу полицин белхахошна дуьхьал. Уьш бехке беш бу ледарло ялийтарна, хаам бина Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхалло.

Инцидент хилира кху беттан 2-хь. Зуламан тобан юкъахь ГIалгIайчуьрчу бахархошкара, коьртачу декъана зударшкара, кхерамаш тийсарца ахчанаш дахарна лаьцна Несаран кIоштара Альтемиров Iийса ведира шена гIароле хIиттийначу полисхойх.

Error rendering VK.

38 шо долу Альтемиров лаьцнера Марсхьокху-баттахь, нахера ахчанаш даха гIоьртина аьлла бехке а вина. Оццу гIуллакхехула лаьцна вара цуьнан ваша 47 шо долу Экажево эвлан вахархо Альтемиров Хьасан.

Талламан версица, цу шиммо дакъалоцучу зуламан тобан декъашхоша 2012-2017 шерашкахь, сий дойуш хаамаш баржор бу шаьш бохуш, кхерамаш а туьйсуш, даккхийн ахчанаш дохуш хилла меттигерчу бахархошкара.

Хаьлхо бинчу хаамца, кхушара Мангалан-баттахь оьгIазбаханчу наха йиттинчул тIаьхьа дарбанан хIусаме кхачийна Альтемиров Хьасан вадийра муьлуш бу ца хуучу наха. Иза дIавуьгуш чевнаш йинера полицин 8 белхахочунна. Царна тIелатар дарна лаьцна ву Сурхотера а, Экажевора а, Несарара а 24-47 шераш долу 4 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG