Соьлж-ГIалахь, республикан куьйгалхоша а, гIалин де даздан баьхкинчу хьешашаша а дакъа а лоцуш, схьайиллина Чермоев Орцин цIе тиллина эвла. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллинера меттигерчу Iедалшна 35-чу а, 56-чу а гIалин дакъошна реконструкци яр.
Кхаа баттахь цигахь ехкина берийн ловзу меттигаш, дехкина некъаш, тесна газан а, хин а биргIанаш, тодина маьждиг а, 35 цIа а, 23 пхеа петарх лаьтта коттеджаш а, 42 нехан долара хIусам а.
Керла хIусамаш лур йолуш ю 200 гергга доьзална. Керлачу эвлахь кхуллуш ю социалан инфраструктура: волейболах ловзу меттигаш а, жижиг датта 9 меттиг а, цхьамогIа рагӀун тайпа гӀишлош а.
Цу белхашна, "Нохчийчоь тахана" агенталло дийцарехь, ахча луш ю Кадыров Ахматан фонд.
Нохчийн къомах волчу Чермоев Орцас 1842–1864 шерашкахь дакъалаьцна Оьрсийн империно дIахьош хиллачу Кавказерчу а, 1877–1878 шерашкахь оьрсийн-туркойн а тIемашкахь. Нохчийчохь 1877-чу шарахь хилла гIаттам охьатаIош жигара дакъалаьцна ву Оьрсийн империн эскаран инарла-майор хилла Чермоев.
1894-чу шарахь императоран омрица Чермоевх вира "дворянин". Цуьнан доьзалхой лерира Оьрсийчоьнан империн xӀy цӀена долу "дворянаш" хилар.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?