ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2-на депутатера мандаташ дIадаьхна Дагестанехь


Дагестан -- Коррупцина дуьхьал митинг, ХIинжа-ГIала, 27Стиг2019
Дагестан -- Коррупцина дуьхьал митинг, ХIинжа-ГIала, 27Стиг2019

Дагестанехь хенал хьалха бакъонаш билгалъяьхна кехат (мандат) охьадиллина 2-на депутато. Иза царна тIедожийнера республикерчу прокуратуро.

Гучудаьлларг ду шина парламентарино низам дохийна хилар муниципалан гIуллакх дарх а, коррупци лелорна дуьхьало ярх а лаьцна долу.

Иштта Гергебилан кIоштахь Аймаки эвларчу депутато шен хеннахь хаам бина ца хиллера шена а, шен хIусамнанна а, берашна а 2018-чу шарахь хиллачу пайданах лаьцна. Коррупцина дуьхьал низам дохийна волу шолгIа депутат карийнера НогIийн кIоштахь. Карасувски эвларчу депутато а "дицдина" хиллера шена стохка хиллачу пайданах лаьцна деклараци кечъяр.

Цу шина эвлахь депутатийн хиллачу рогIерчу сессешкахь цу парламентарера хенал хьалха дIаяьхна депутатан бакъонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG