ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Думан депутат лейина Iамеркан ФБР-ан белхахоша


Юмашева Инга
Юмашева Инга

Iамеркан Федералан талламан бюрон (ФБР) эпсарша Нью-Йоркерчу аэропортехь, саца а йина, лейина "Диалог Форт-Росс" форумехь дакъалаца яхана Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат Юмашева Инга. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.

Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь волчу Оьрсийчоьнан векало Антонов Анатолийс хаам барехь, Iамеркан талламан сервисан белхахоша лейина Юмашева цхьана сохьтехь. Цо чIагIдарехь, депутате делла "мегар доцу" хаттарш. Антоновс дийцарехь ФБР-ан белхахоша формала доцчу хьолехь цхьаьнакхета кхайкхина Юмашева Инге.

Оьрсийчоьнан-Iамеркан форум "Диалог Форт-Росс" дIаяхьа езаш яра ГIадужу-беттан 6-хь. Хьалхо хаамаш баьржира, цу форумехь дакъалаца Оьрсийчоьнан дипломаташна Iамерко визанаш ца елла аьлла.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат Юмашева Инга Башкорстостанера ю. Парламентан декъашхо хIилале хьалха иза болх беш яра телевиденехь. Юмашева ю мехкадаььтан сферехь бизнесхо волчу Юмашев Альбертан йоI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG