ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман дозане эскарш тIеузуш ю Туркойчоь   


Шеман дозанца ю туркойн тIеман техника
Шеман дозанца ю туркойн тIеман техника

Шеман дозане кхин а эскарш а, тIеман техника а тIеузуш ю Туркойчоь Акчакале кIоштахь. Де хьалха президенто Эрдоган Реджепа дIакхайкхийра туркойн эскарш кийча хиларх лаьцна, Ефратана малхбалехьа йолчу Шеман территори тIехь тIеман операци дIайоло.

Эрдгана дийцарехь, цу операцин Iалашо ю, Iамерко гIортор а еш, цу меттехь дIатарйелла курдойн герзаца йолу тобанаш дIа а яьхна, цигахь кхерамазаллан зона кхоллар.

Шеман арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, шайн территори тIехь кхерамазаллан зонаш кхоллар "дуьненаюкъара низам дохор" ду аьлла.

Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа кху деношкахь дIахьедар динера, ша догдохуш ву аьлла, Шеман къилбаседехь кхерамазаллан зона кхоллар хьокъехь Iамеркан президент Трамп Доналд шега тешалур ву аьлла.

Туркойчоь реза яц Iамеркица цхьаьна Шеман дозанехь кхоьллинчу цхьаьна операцеш дIаяхьаран Центран стратегина. Туркошна хетарехь, цо доза тоьхна Ефрат хинна малхбалехьа болчу курдойн ницкъашна дуьхьал операцеш дIаяхьарна. Ткъа и тобанаш Хонкаро тIеоьцуш ю шайн къоман кхерамазаллана кхераме йолуш санна.

Туркойчоьнан а, Iамеркан а ницкъаша цхьаьна гIаролла дар долийна Шеман дозанехь Гезгмашин-беттан 8-хь. Амма цу Iалашонна юкъалаьцна меттиг дукха кIезиг ю туркоша сатийсинчул а.

Туркойчоьнан Iедал, шен коьртехь президент Эрдоган а волуш, тIера ца долу кхерамазаллан зонанан кIоргалла 30-40 километар хила еза бохучунна. Туркошна хетарехь, Раккина тIера Дейр-эз -Зоре кхаччалц йолу меттиг "машаран коридор" хила еза, ткъа цига ваха охьахао веза карарчу хенахь Туркойчоьнан территори тIехь ханна дIатарвина 3 миллион мухьажир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG