ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат: Политковская ейтинарг карийна вац, ткъа таллам "наб еш Iа"


Талламчашна тахана а дац хууш, хьан арабаьхна хилла Политковская Анна ен нах. Дов, "цхьана талламчера кхечу талламче а луш, юх-юха дIа а дахдеш, диллина латтадо", аьлла Интерфаксе" ПолитковскийгIеран доьзалан адвоката Ставицкая Аннас.

ТIаьххьара талламчашца журналистан гергарчийн къамел хилла ах шо хьалха. ХIетахь цара дийхира политикан эмигрантера Закаев Ахьмадера тоьшаллаш дахар. Амма ца эшна Талламан комитетна Закаевгара тоьшаллаш. Оьрсийчохь лелачу цхьана версица, Закаевна а, массех шо хьалха веллачу олигархна-диссидентна Березовский Борисна а хила тарлора Политковская хьан йийна хууш.

Оьрсийчоьнан Талламн комитето официалехь хоуьйтуш дац, муьлхачу тIегIане кхаьчна зераш.

Политковская Анна йийра Москвахь, шен цIийнан учахь нийсса 13 шо хьалха. "Керлачу газетан" журналист евзара дуьненна Нохчийчуьрчу тIемаша ден зенаш довзийтарца а, цигарчу бахархойн бакъонашкахьа латтарца а.

Бизнесхо Гайтукаев Лом-Iела, милицехь болх бина Хаджикурбанов Сергей бехкевира зуламна бух кечбарна. Ткъа зуда ерна куьг-бехке бу аьлла, цаьрца цхьаьна набахте хьовсийра милцо Iийна Павлюченков Дмитрий, вежарий МахмудовгIар – Рустам, ИбрахIим, Жабраил. Набахтехь кхелхина Гайтукаев Лом-Iела. Тахана хууш дац, хьан арабаьхна хилла нах Политковская ен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG