ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Хьо хьуо ву зудчуьнца йолу юкъаметтигаш нахала яха волавелларг». Кадыров шалхенаш лелорна бехкево блогеро Абдурахманов Тумсос.


Оппозицехь волчу блогеро Абдурахманов Тумсос рогIера видео яржийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане вист хуьлуш. Цо иза бехкево нохчийн гIиллакхашца шалхенаш лелорна.

Ши кIира хьалха видеош яьржира интернет-зIенашкахула, маре йоьдучу йоьIаца да воьлхуш а, шен нускалца къона майра, цуьнан мара ийзош, ловзуш а. Нохчийн гIиллакх дохорна и нах шен кхеташонехь емалбира Кадыров Рамзана. Цул тIаьхьа уьш цуьнга а, махкарчу бахархошка а шайна къинтIера бовлар доьхуш гайтира «Грозный» телеканало.

Абдурахмановс дагадоуьйту Кадыровна цо ша дуьххьара гIиллакх дохийна хилар.

"Ахь айхьа тIе ма дожийра хьайн накъостанна, Нажи-Юьртан полицин буьйранчина Гучигов Нажудна, ЗАГСе-хула (адамийн дар-даларш, доьзалш кхоллабалар тептара дохучу меттехула), тIе камераш а ерзийна, чекхвала. Дерриг а дуьне ма дийлира цунах. Ахь цунах «кху бIешеран бIаьрла ловзар» элира. Иза дацара нохчийн гIиллакх а, Iадат а сийсаздар? Вай, нохчий, цкъа а ма ца дуьйлу ЗАГСехула чекх. Доккха эхь ду иза, нохчийн оьмарехь цкъа а хилла доцург, амма иза долийнарг хьо хьуо ма ву», - боху Абдурахмановс шен YouTube-каналерчу къамелехь.

Блогеро дагабоуьйту «Кадыров Рамзанан дог» программин чулацам.

"НТВ-н «Кадыров Рамзанан дог» программехула ахь гайтира дуьненна хьайнний, хьайн зудчунний юкъаметтигаш, хьайна иза мел дукха еза, хьо мел воккхаве иза карийна, бохуш. Ткъа хьан зудчо дуьйцура, хьо мел воккха романтик ву, ахь ша муха ловзайо, дагахь доццу совгIаташ а деш, хьуна ца деза ша басарш-подарш хьаькхича, бохуш. Иза данне а ма дац нохчийн амалшца догIуш», - цецвуьйлу Абдурахманов.

Блогеро харц ца во Кадыров, иза декхаре ву, боху, нохчашка гIиллакхаш лардайта. Амма нах Iамо шена лаахь, мехкан куьйгалхочо ша а лардан деза и гIиллакхаш, чIагIдо цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG