ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчийчуьрчу турнирехь лазийна Узбекистанера ММА-латархо велла


Нурматов Бекзод, Узбекистанера ММА-латархо, велла Соьлж-ГIаларчу Absolute Championship Akhmat 100 турнирехь нохчочуьнца Исаев Бесланца леташ ша эшна кхо де даьлча, оршоьтан буса. Оцу хьокъехь хаам баржийна ТВЦ телеканало.

27 шо долу спортхо тиларчуьра ваьлла шен латар дирзича. Велла кхо де даьлча, коьрте цIий доссар бахьана долуш.

Пхиппа минотех лаьттачу кхаа раундехь леттера Нурматов а, Исаев а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG