ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров саннаргий?"


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Дагестанан куьйгаллехь Кадыров муха хир вара дийцаредина социалан машанашкахь

Лаьцначу "Анжи" клубан вице-президентна Идрисов Махина а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а юкъахь хиллачу къамелан дакъа дийцаредо социалан машанашкахь Дагестанан пабликаша.

Идрисовс доьху Кадыровга ша Дагестанан куьйгалхочун дарже хьалхататтар, тIаккха йоллу республикано мохь беттар бу "Ахмат-сила" бохуш аьлла, яздина цо. Скриншот бакъ бух болуш елахь, цу кепара къамел хилла церан кху шеран Охан-баттахь. Оцу исторех лаьцна цхьа а официалан комментари яц, амма оцу тIехула дIадолийна хIораммо а шена-шена хетарг дуьйцуш билгалдоккху, Дагестанна Кадыров санна ницкъе, доьналле урхалхо оьшу бохуш. Дукхахболчарна шайн мехкан да хила лаьара Кадыров Рамзан.

Кхузахь бIаьрла дерг ду, "Кадыров Дагестанехь" хила луурш доккхачу декъанна хIинццалц леллачу исламан кепаца берш бу, кхин а кхеташ аьлча, муфтиятан агIончаш. Ишта Кадыровгахьа бу, цо совгIатна машенаш елла хиллачу, гоьбевллачу спортхойн фанаташ а цхьана.

Шаьш Соьлжа-ГIалхь хилла, цигахь дIахIоттийна къепе а ю, цIена а ду бохуш, яздо дуккхаъчара. Ткъа царна дуьхьал болчара яздо, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх а, дIахIоьттина авторитаран раж хиларх а.

Социалан машанашкахь гIаьттинчу къовсамах шена хетарг дийцинчу "Центр анализа и предотвращения конфликтов" цIе йолчу боламан директоро Сокирянская Екатеринас элира, адамаша дукха хьолахь уггар а хьалха терго йийриг хIуман а, хиламан а тIехулара хьал ду аьлла.

"Къилбаседа Кавказехь цхьа тамаше хIуман терго хуьлу: республикашна юкъахь йолу пурх зIенаш ледара хиларан. Нохчийчоьнна 15 киламетар дехьарчу нахана билггал цигахь дерг хууш а ца хуьлу. Къаьсттина вовшашца жигара зIе лаьтта Хасав-Юьртахь: нохчий богIу цигарчу базара, туьканашка, цхьадолчух цаьргара хуу. Ткъа Махачкалахь бехачарна кIезиг бен хууш ца хуьлу лулурачу республикерчу хиламех.

Шаьш Соьлжа-ГIала даьхкича цара терго йийриг: фонтанаш, тIекIелйина яккхий гIишлош, урамашкара цIано. Шайн гIала юхабаьхкича царна гуш дерг хIун ду- дитташна тIехь кхозу нехийн галеш, нехех дуьзна урамаш. Соьлжа-ГIалин тIехуле ю уьш цецбуьйлург, царна а лаьа шайн шахьарахь а ишта цIано хила".

Экспертна хетарехь, важа аспект йоьзна ю, социологаша ма аллара, "авторитаран режимца" .

"Вайн йоллу пачхьалкхехь а, Кавказехь а цхьана, дукхахболчарна хета - ницкъе Iедалхой коьртехь хилар – къепе шен меттахь хилар ду олий. Сталинан культ юхаденъян стенна гIерта хIинца? Оьрсийчоь низаме а, къепене а гIерташ санна гойту цу культо. Ткъа Дагестанехь пачхьалкхан Iедал дерриг а аьлча санна, телхина го.

Вайна гуш ду, мел баккхийчу барамашкахь яра коррупци а, Iедалан ахча даар а. Шен халкъана къоладар ма ду иза. Оцу хьоло беркъадоккху адам а, церан хьелаш а. Пачхьалкх криминалитетца дIаийча, "Единая Россия" партин хьаькамаш тIемалошна-имаратхошна ясакх яла буьйлабелча, пачхьалкх йиъна бевлча, меттигерчу Iедалхойх бандитийн тоба хилча, адамашна хета цхьа ницкъболчу стага и йоллу проблемаш нисйийр ю аьлла. Ткъа Кавказехь оцу вастехь гуш верг Рамзан ву", - боху эксперто.

Кадыровга луларчу республикан урхалхо хила бохуш, дехарш дарх дуьйцучу "Дагестан" журналан коьртачу редакторо Бисавалиев Мохьмада тидам тIеузу Оьрсийчоьнан хиллачунна.

"Муьлш хилла бу Оьрсийчоьнан урхаллехь лаьттина мел а лараме хилла куьйгалхой? Грозный Иван, Петр Хьалхарниг – шайн бераш набахтешкахь а, монастыршкахь а латтийна, бераш дойуш хиларца гоьбевлла нах бара уьш. Йа схьаоьцур вац Николай Хьалхарниг, йа большевистийн паччахь Сталин. ХIинца Путин ву вайн, империн дозанаш шордеш волу. ХIаъ, хьалха леллачу диктаторшца вуста мегар дац иза, амма 21-чу бIешерашкахь ницкъе лоруш ву иза а.

Муьлш бара халкъана цабезнарш? Бехккъасторхойн кхелаш ехкина, парламент кхоьллина Александр ШолгIаниг. Иштта ца веза нахана Столыпин а, Горбачев а. Цкъа а шайн хир ю а ца моьттинчу 300 миллион стагна маршо елла Горбачев бIаьргаван ца веза хIинца. Тахана Дагестанехь дукхахболчарна ницкъболу, шога куьйгалхо веза. Яхь, сий доцу нах бу и луурш.

Хьалхо ас яздинера, вай маршонех даха, вайн дегнашка кхерам таса, вайна репрессеш ян, вай хIаллакдан, адамашна пачхьалкхан урхаллехь Сталин оьшура аьлла. ХIунда? ХIунда аьлча, адамашна Сталин оьшура! Ца оьшура шайн дуьхьа-м, лулахочун дуьхьа оьшур-кх. Цунна мотт тохархьама. Мотт бетташ, доцург кхуллуш, цара шаьш новкъарвоккхур ма ву, шайна ца веза, аьтто хилла веха лулахо", - боху Бисавалиевс.

Ишта хета тахана Кадыров а, нахана иза ницкъе хета аьлла, тIетуху "Дагестан" журналан редакторо: "Цхьа наггахь, цу кепара къамелаш дечу наха кхи кIорггера ойла а ца еш, дуьйцу аьлла хета суна иштаниг. Церан хьешкахь дисина, вайна тIехь урхалла дан дезарг цхьа шога куьйгалхо хила веза аьлла. Маршонехьа безам бац вайн, цхьаннах а дозуш доцуш даха а ца хаьа вайна, жоьпалла дац вайгахь цхьанна а хьалха, йа пачхьалкхна хьалха а. Цундела бу церан ишта лаам- цхьана ницкъболчу куьйго къепе меттахIоттор яра аьлла. Цундела, церан кхетам ишта хиларна йоллу республикехь а, йоллу пачхьалкхехь а кегари лаьтта".

Дагестанан куьйгаллехь Кадыров хила луучийн дахарехь цхьана а кепара кхин сингаттамаш бац аьлла, тешна ю Махачкалара бакъонашларъярхо Исаева Светлана.

"ХIаъ, Соьлжа-ГIалахь тIекIелйина исбаьхьа гIишлош ю дIахIиттийна. Амма уьш яьсса лаьтташ ю, шайн ма хуьллу махкара дIаоьхуш бу нохчий. ХIунда аьлча, бан белхаш бац, республикехь тиша хьал ду, адам кхерамехь деха. Кадыров саннарг мехкан да хила хьаьгначарна мегаш хир ду-кх, муьлххачу а хьаькамна критика йинчуьнга камера хьалха а хIоттийна, шена къинтIера довлар дехийтар а, шена хетарг дIааьлларг телевизионехь гайтар а, тIера хеча а яьккхина вадийтар а, коммуналан ял гулъечеран харцо Iораяккхарна камерана хьалха хIиттийна белхийтар а. Ткъа нохчашна и хIумнаш цатов. Цундела махкара уьдуш бу уьш шайн доьзалшца, дийнна урамашца, ярташца. Шайн дахар ирсе, токхе хилча, нах цхьанхьа а дIагIертар бацара".

Iедална дуьхьалболчарна наркотикаш кхуьйсуш, бакъонашларъярхошна а, журналисташна а тIелетарш деш, гIаттамхойн хIусамаш ягош, кхел ца еш - нах бойуш – ишта ю тахана ша ма ярра йолу Нохчийчоь аьлла, дерзийра шен къамел бакъонашларъярхочо Исаева Светланас.

Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Магомедов Закир

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG