ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Неха стагана дуьхьал Соьлжара бунт


ГIалгIайчуьра полисхой
ГIалгIайчуьра полисхой


ГIалгIайчохь Соьлжан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъан белхахоша дIадаханчу пIераскан дийнахь, ГIадужу-беттан 4-хь болх охьатесира шайн хиллачу куьйгалхочун Гандалоев Рустаман метта цхьана ханна хьаькам Ставрополера полковник Середин Вадим хIоттийна аьлла. Серединан хьалха цхьа юкъаметтигаш хилла яцара ГIалгIайчоьнца.

Цунах хууш ду иза Ставрополь гIалин полицин урхаллан коьртехь хилла хилар а, цул хьалха оперативан болх бина хилар а.

И стаг шайн хьаькам хIотторах лаьцна хиинчу Соьлжан кIоштан РОВД-н белхахоша йитира шайн белхан меттигаш, уьш реза хилира цу стеган омраш кхочушдан.

Инстаграмехь видео гучуелира дуьхьалонан акцин цхьана полисхочо яьккхина йолу. Цу тIехь иттаннаш цуьнан белхан накъостий бу (цхьаберш полицин барзакъ доьхна а, герз карахь а) РОВД-н кевнехь лаьтташ. "Мила ву а ца хуург ву хIоттийнарг, ерриг а "отдел" болх беш яц", - дуьйцу гIалгIайн матахь и видео йоккхучо.

Интернетехь цу хиламца боьзна хаамаш ббаьржира, полицин декъан керла хьаькам тIеоьцур вац кIоштахь, ша а Ставрополера волу, ГIалгIайчоьнан МВД-н керла министр Коробкин Михаил, меттигера бахархой дIа а бохуш, шен нах республикехь даржашка хIиттош волун дела аьлла.

Цу хаамашна комментареш йина нах тIехIиттара болх охьатесначу полисхошна, Магасехь митинг йолуш меттигерчу полисхоша Росгвардин белхахошка демонстранташ дIаса ца лахкийтар дага а доуьйтуш.

Дукха хан ялале ГIалгIайчуьра бахархой гулбала буьйлабелира Соьлжан кIоштан полицин декъан хьалха. Дуьхьалонан акцехь дкъалоцучу цхьана полисхочо, шен цIе ца яккхар а доьхуш, дIахьедар дира, шайн акци керла хьаькам кхечу къомах стаг хиларна дуьхьал яц аьлла.

"Варяг хир вац, цуьнан метта хир ву Костоев Амирхан"

ПIераскан делкъхенахь меттигерчу блогерша хамаш баржийра, дуьхьалонан акци дIахьочу полисхошца цхьанакхетта республикерчу МВД-н куьйгалхо Коробкин аьлла. Гарехь, цуьнан аьтто баьллачух тера дара и хаттар сихха дIадерзо. Интернетехь хаам баьржира "варяг хир вац, цуьнан метта хIоттор ву полицин полковник Костоев Амирхан" аьлла.

Костоев хьалха куьйгалхочуьнан болх бина ву Малгобекан кIоштан полицин декъан. Амма и хаам бух болуш бу-бац къасто аьтто ца белира. Цуьнах лаьцна МВД-н ГIалгIайчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамашна юкъахь дуьйцуш хIумма а дац.

Полицерчу хьастано элира"Кавказ.Реалиин корреспонденте, шаьш доьхург кхочуш динчул тIаьхьа, дуьхьалонан акци дIа а ерзина, балха арабевлла Соьлжан кIоштарчу РОВД-н белхахой аьлла.

Мухха делахь а, ГIалгIайчуьрчу бахархоша билгалдоккху динна кIоштан полицин белхахоша болх охьатасар республикехь цкъа а хилла доцу хIума хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG