ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина алапа тIетоьхна шена а, Медведевна а, Шойгуна а, кхин а массех министрна а


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира омра арахецна шена а, премьер-министрна Медведев Дмитрийна а, тIеман министрна Шойгу Сергейна а алапаш тIетухуш. Кху беттан юьххьехь дуьйна цара алапаш оьцур ду 4,3% лакхара. Оцу хьокъехь хаам баржийна "РИА Новости" агенталло.

Оццу омрица лакхадаьхна алапаш чоьхьарчу гIуллакхийн министран а, Къоман Гвардин буьйранчин а, Орцан министран а, пачхьалкхан къайлахчу сервисийн, Федералан хадаран урхаллин директорийн а, Харжамийн Коьртачу комиссин куьйгалхочун а, цуьнан гIовсийн а, иштта дIа кхин а массех урхаллин куьйгалхойн а.

Путина стохка а хьаладехира 4%-на шен а, Медведевн а алапаш.

Президента ша винчу дийнахь шен а, шен гонан а алапаш лакхадахарх лаьцна хаттар динчу журналисташка цуьнан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс, "иза-м планехь йолу индексаци яра", аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG