ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIех ширачу заманахь чохь адамаш даьхна Баксанера Сарадж-Чуко хьех толлуш бу Iилманчаш


Къилбаседа Кавказан палеолит заман тоьшаллаш лоьхучу тобанна, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Баксанан кIоштахь Сарадж-Чуко хьех охкуш, карийна бIе эзарнаш шераш хьалха нах Iийна, цара цIерш ягийна меттиг.

Иза регионехь уггаре дукха битамаш гойтуш йолу а, шайна алссам информаци луш йолу а неандерталхойн хIусам ю, боху Iилманчаша.

Сарадж-Чуко хьех карийра 2016-чу шарахь. Лурчах Оьрсийчуьрчу археологаша, геологаша, геофизикаша, кхиболчу говзанчаша болийра оцу меттиган зама билгалйоккху белхаш.

Оьрсийчоьнан президентан Iилман фондан гIоьнца дIахьош бу Сарадж-Чукора талламаш.

Керланаш

XS
SM
MD
LG