ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пал тасийта лелачу зударийн тоба Iораяьккхина жинаш лелхочу Iеламчас Эльжуркаев Адама


"ХIума хуу нах" шайх олу бахархой Iорабоху репортаж араяьлла "Грозный" телеканалехула юха а. Бакъду, оршоьтан сарахь гайтинчу программо Iорабохурш бацара пал тосу я седа-жайна хьовсу нах – ХIирийчуьрчу Мазалк гIала пал тасийта леларш бара.

Соьлж-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама (иза ша адамна чуьра жинаш арадоху говзанча ву) емалбира "хIума хуучу нехан" клиенташ. Мохк кхардийта эфире ялийнера 8 зуда а, церан гергарнаш а.

Эльжуркаевна хетарехь, седа-жайна хьовсуьйту а, шайна пал туьйсуьйту а адамаш "шайтIанийн накъостий а, динах тилла нах а" бу. Цо бахарехь, поло тодийр дац зударийн маренаш, цул тоьлу нанна шен йоI майрачунна муьтIахь хила Iамийча.

"АллахIе деха деза, ма деха "хIума хуучуьнга", - хьоьхура Эльжуркаевс.

Телеканал корреспонденто дийцарехь, пал туьйсу нах лоьцу компани йолийчахьана схьа Iеламнаха "иттанашкахь Iорабаьхна аферисташ".

"Грозный" телеканало гайтина нах бехкебира Мазалкера цхьа Нонна цIе йолчу пал тосучу зудчунна тIелеларна. Цо шена тIебаьхкинчарна ло, бохура, "Оптински къаной" (Оптинские старцы) олучу керста мозгIарша вуно дукха зама хьалха яздина доIа тIехь долу кехат.

Керланаш

XS
SM
MD
LG