ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн экономика йоцчу хьоле яккха кхерам тесна Трампа, нагахь Хьонкаро Шемахь дан мегар доцург дахь


Трамп Доналд
Трамп Доналд


Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, Iамеркан эскарша новкъарло йийр яц Туркойчоьно курдашна дан мегачу тIелатарна аьлла. Оццу хенахь цо кхерам тесна, туркойн экономика хIаллакйийр ю ша, нагахь Хьонкара дукха тIех ялахь аьлла. Цунах лаьцна аздо "Iамеркан аз" портало.

"Вайна адамаллан хетачух тIех уьш бовлахь, царна тIе хьажо мегаш ю экономика хIаллакъяран оьгIазло", - аьлла Трампа журналисташна хьалха вистхуьлуш.

Республикан партехь болчу президентан бертахоша шаьш эргIадбахана хилар хаийтира, Iамеркан эскаршца "Исламан пачхьалкхаца" тIом бинчу Шемарчу курдашна гIортор яр сацада мегаш хиларна.

"Вай юкъара довла деза хан текхаьчна чакхе йоцуш дIакхоьхьучу цу лартӀахь доцчу, дукхах дерш тайпанашна юкъахь дIахьочу тIемашна. Вай цIаберзо беза вайн салтий. Вай тIом бийр бу, вайна иза пайдена хетахь, ткъа и тIом хир бу толам баккха", - яздина Трампа Твиттерехь оршотан дийнахь.

Амма шуьйра критика ловш волу Трамп оршотан дийнахь, гарехь, юхаваьллачух тера дара Шеман къилбаседехь тIом байта ша реза ву моттуьйтучу гIулчех. Нагахь шена мегар дац аьлла хетарг Туркойчоьно дина хьал нислахь, ша цу мехкан экономика йохийна дIайоккхур ю аьлла яздира Iамеркан президенто Твиттерехь.

Пентагонан а, Пачхьалкхан департаментан а векалш дуьхьал бу Туркойчоьно тIеман операци дIаяхьарна. Оршотан дийнахь Туркойчоьно Иракъерчу Курдистанехь хIаваэхула тохарш дина Курдистанан Белхан партин тIемалойн позицешна. Цунах лаьцна Iамеркан аз" портале хаам бина маситта хьастано.

Царах цхьаммо дийцарехь, уьш цу кIоштахь Туркойчоьно "хIора денна деш долу тохарш" дара, амма цо тIетуьйхира церан Iалашо хила мега, Шемахь операци йолаяле туркой шайн хIун хьулу хьажа лууш хилар.

Iамеркан тIеман министран юкъараллица зIе латторехула волчу гIоьнчо Хаффман Джонатана дийцарехь, тIеман министралло кхетташ дIахаийтина Туркойчоьнна, президенто иза дина ма хиллара, Шеман къилбаседехь тIеман операци дIаяхьар шаьш къобул еш ца хилар.

"Iамеркан тIеман ницкъаша гIортор йийр яц цу тайпачу операцина я дакъа а лоцур дац иза дIахьош", - аьлла цо.

Иштта позици шайн а ю аьлла Пачхьалкхан департаменатан лаккхарчу даржехь волчу векало а.

"И операци вон идея ю аьлла хета тхуна. Тхуна ца хета цо "Даишца" къийсам дIахьош Туркойчоьнан я Шеман къилба-малхбалерчу бахархойн кхерамазалла чIагIйийр ю аьлла", - элира дипломато, яздо "Iамеркан аз" портало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG