2018-чу шеран аьхка КъахIирехь лаьцна ГIалгIайчуьра виъ студент карцере кхачийна. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бина кегийрхойх цхьаннан, Аушев Илезан, зудчо Пугоева Хадижас.
"КIенташа шаьш чохь кхобучу набахтера хьал вон ду, аьлла, дехна иза тодар, цул тIаьхьа баттанна карцере хьовсийна уьш", - боху Пугоевас.
Зудчо дийцарехь, лецначийн зIе яц гергарчаьрца. "Хьалха шайца чохь бохкучу нахехула цIехьа кехаташ дахкийтора цара, амма хIинца бац церан и тайпа нах", - дийцира Хадижас. Цо бахарехь, "хьалхо Мисарарчу цхьана набахтехь велла Нальчикера студент", оцу хьоло сагатдойту лецначийн дай-наношка.
Гергарчара бинчу хаамца, могашалла галъялла набахтехь латточу студентийн – Плиев Рамзанан, Чемурзиев ИсмаьIалан, Аушев Илезан, Дзейтов Iелин.
Шо хьалха лаьцначу пхоьалгIачу студентах Дугиев Хизирах хилларг хууш дац, лаьцначу дийннехь хаьдда цунах йолу информаци. Экстремизмна бехкебо Мисаран Iедало лецнарш.