43 махкахь карлаяьхна шайн системера комиссеш, хаамбина Оьрсийчоьнан Юкъараллерчу тергамбархойн комиссино. Цо бахарехь, халкъан тидам тIехь лаьтта тергамбархойн комиссешна – шишша стаг хилла мехкашкарчу конкурсашкахь церан декъахь хила лууш.
Юьйцучу 43 мехкан комиссешка чекхваьлла 700 стаг, карлаяьхна комиссеш Нохчийчохь, Дагестанехь, Краснодар-махкахь. ХIора комиссин декъашхойн терахь ду 5-нна тIера 40 стаге кхочуш.
Мехкашкара кандидаташ тIечIагIбина Оьрсийчоьнан Юкъараллерчу тергамбархойн комиссехь. Керла нах бу декъашхошлахь бакъоларъяран цхьаьнакхетараллийн а, прессин а векалш.
"Тхан ши белхахо вара тхуна Дагестанан Юкъараллерчу тергамбархойн комисси юкъа вахийта лууш, кандидаташла язвелла – Аламов Мохьмад а, Янгулбаев Абубакар а. Цхьа а ца ваьлла царех чекх", - элира "Кавказ.Реалии" "Iазапна дуьхьалояран комитатан" Къилбаседа Кавказерчу офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.
"Нохчийчохь-м тхо гIорта а ца гIоьртира, цигахь тхуна ца карийра тхан стаг кандидаташка ваккха яьхьаш организаци", - билгалдаьккхира бакъоларъярхочо.
Пискуновс бахарехь, цуьнан юкъаралла дуккхаза а гIиртина регионерчу тергамбархойн комиссешца гергарло таса, амма дан ца делла иза.
10 декъашхо ву Дагестанан юкъараллерчу тергамбархойн комиссехь, царалахь ю журналист Гаджиева Зульфия а. 7 стаг ву Нохчийчуьрчу комиссехь.
Краснодарерчу комиссе кхаьчна меттигерчу "Iазапна духьалояран комитетан" декъан белхахо Коцарева Анна, хаамбира "Кавказ.Реалиига" цуьнан куьйгалхочо Романов Сергейс.
Цо бахарехь, Краснодарера "Iазапна духьалояран комитетан" офис а гIиртина мехкан юкъараллерчу тергамбархойн кхеташонца зIе таса, амма аьтто ца баьлла хIинццалц схьа.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?