Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовсо Алуудинов Аптис видео яьржийна, ша а, кхин массех стаг а мехкан куьйгалхо Кадыров вен гIоьртина бохуш лелачу хабаршна дуьхьал.
Цхьана десачу цIаьлгахь, спортан кIайн духарахь, паргIатваьлла Iа Алаудинов, цо чIагIонаш йо, ша цкъа а къастар вац Кадыровх дIа, бохуш. Ала деза, кIезиг богIу нохчийн гIиллакхца цуьнан мотт а, халкъе вистхила охьахууш тIедоьхна духар а.
Шена тIе доцург кхуьллучу журналисташца ша кхелехула юкъаметтиг къастор ю, боху Алаудиновс.
"И деса хIуманаш яздийраш боьха шайтIанаш ду, уьш даима гIерта Кадыровн тобанера барт бохо. Амма иза дан ца делла цкъа а, я далур а дац. Со велла меттиг еача а вуьгур вара кешнашка Кадыровн тобанера стаг санна. Сайх лаьцна и боьхалла яржош йолчу хIуманашкара ас деха ма-дезза жоп доьхур ду. ШайтIанаш, лаха шайна лачкъа меттиг, - яздина Алаудиновс шен видео буха.
Хьалхо "СКФО Telegraph" телеграм-канало яздира, Нохчийчохь куьйгалхочунна дIовш дала гIоьртина аьлла. Алаудиновца цхьаьна Кадыров вен кечлуш хилла бохуш дуьйцу Устрада-ГIаларчу мэран даржера вохийна Темирбаев ИбрахIим а, Хьалха-Мартан кIоштан куьйгалхо Абдурешидов Валид а, яздина Iедална герга ларалучу "СКФО Telegraph" канало.
Кадыровн пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис эладита ду элира мехкан куьйгалхо вен гIоьртина аьлла даржийнарг. "Ас эладитанашна комментари ца йо", - ду цо шега хаттар динчу журналисташна делла жоп.