Малашев Владимир коьртехь волчу Къилба Кавказан археологийн тобано эзарнашкахь пхьегIаш, тарраш, шаьлтанаш, зударийн коча а, лерга а ухкурш дIасаелла ХIирийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а музейшка.
"Оха хьалхо Соьлж-ГIала дIахьовсийначу хIуманашлахь уггаре тамаше, исбаьхьа экспонат яра стохка Теркйистехь карийна деши-дети кхелина говран дуьрста. ХIинца оха хIирашка дIаделла Мазлакехь карийна тарраш, шаьлтанаш, чухьожу куьзганаш, зударийн хазалгаш - ерриг а 1200 экспонат ", - дуьйцу экспедицин куьйгалхочо.
7-8 эзар шераш долу шира кешнаш аьхкина экспедицино шина шера чохь, карийна 324 хIума. Мел карийнарг а гойтуш, массех книга арахеца дагахь ву Малашев Владимир. Цо дийцарехь, рогIехь талла езаш ю цуьнан тобан ГIебарта-Балкхаройчоь. Амма талламаш биллина лаьтта Кавказан массо а мехкашкахь.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?