ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIекхечи дашо гуьйре…"


Нохчийн меттан хьехархочо цIахь бан белла болх

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:55 0:00
Линкана тIе

ПхьегIаш меттах хьееш йоллу тхайн нана а хезна самаваьлла, корех арахьаьжира со, хенахIотам муха бу-те аьлла. Нохчийн меттан хьехархочо цIахь бан болх беллера тхуна, гуьйренах лаьцна дийцар яздар.

ХIун яздийр ду ца хууш маситта дийнахь даьссачу кехата хьалха хиина Iийначу ас сацам бира, дог ирахӀотто эвлан йистерчу хьуьнха вахана волавала.

Нанас эцна Iаьржачу бесан керла тужурка а йоьхна, цо сатасале бинчу бовхачу хьокхаман ах чета а таIийна, новкъа велира со.

Гуьйренан Iуьйре шийла а, кхоьлина яра. Ша шех хьерчаш ловзу юькъа дохк гича мотталора догIург дерз ду.

УьйтIарчу баIаран диттан кIеллара цхьа ши буй баIарш а гулдина, со кевне волавелча, буька яйн чуьра шен худар дууш доллучу тхан жIало Гудрис, юкъах цадолош бIаьрг туьйхира, со волчу агIор. Цуьнан хьажар шеконан хийтира суна, хIокхо хIун леладо-те сатасале кевне гIерташ, худар даа са ца дуьтуш аьлла.

Урам баьсса бара. Сатасале шен говрана хи мало араволу тхан лулахо СаьIидбек а гIаттаза хан яра иза. Эвлан йистера аре а хадийна, хьалаволавелира со оха "шолагIа" олучу хьуьнан дукъе. Iуьйре мел кхоьлина еанехь а, гуьйренан басарш хаза дара.

Хьуьнаха вулуш, хIора гIулчаца лахлуш, эххаре а дIатийра самаяьллачу тхан эвлан дахаран гIовгIа – наьной кхийкхар, котамаш екар, жIаьлеш летар, бежанаш Iехар, говраш терсар. ТIаьххьара, ас тидам а беш, суна хезнарг дара тхан эвларчу аьчкан пхьеро Эмис жIов еттар.

ЦIен, доIан басахь, можа, цIехо-можа гIаш долчу хутал-бецо марахьерчийна лаьттара, со вогIучу тачане дашо гIашца куьйгаш кхийдо коьллаш.

ШолагIа дукъ а дара гуьйрено йийсаре лаьцна. ЦIе бос богучу гIашна юкъара схьакъийдара цкъачунна мад даланца аьрга хьаьмцаш. Элхьамцаш, хьуьнан кемаш, мадделла а, маддаланза а акха кхораш…

Ма чомехь хир бара цIарца богу дIо-о кхоза акха Iаж, аьлла ойла кхоллаелча, дагабеара суна сайн четахь болу хьокхум.

Айса кисина тесна деана баIарш дохийна, тIамарш а яьхна, четара схьабаьккхина, дегIан йовхоно мела латтийна, хьокхум а кхоллуш охьахиира со.

Iалам хаза дара. Нарт-эрстхойн догIмаш долу гIаролхой санна гобаьккхина лаьттара стигал кхийда пепан дитташ. Царна кIеллара гIа-бамба гулбелла хир бу-кх бIеннаш шерашкахь, бохуш ойла йора ас.

Со хиина Iара хьуьнан юккъехь иттех метар шуьйра хир долчу хин хорша йистехь. Иза даьсса дара. Амма гуш дара мел-лаххара а ши-кхо де хьалха, ломахь догIа а дилхина, цу чохь карзахдуьйлуш ловзуш хи хилла хилар.

Кху хьуьнхахула бIеннаш шераш хьалха а со санна лелла хир ву-кх цхьаъ, мила хилла-те иза, муха нисбелла-те цуьнан кхоллам, бохучу ойланашца хьуьнан кIорге вуьйлира со.

ЦIеххьана хетаделира цхьаъ хийцаделча санна. Эвла йолу агIо гойтуш цхьа билгало ца хаалора. Со тила веллера.

Иштта хьал хIоьттича карон еза къилбаседехьа билгалъяккха со дагадаийта гIоьртира дерриг сайна цунах хуург. Уггар хьалха - малх лаьтта меттиг. Де дукха тIех кхоьлина дара иза дан. Диттан генаш деха хуьлу къилбехьа. Иза къасто вуно халадара. Суна гуш долу дитташ дукха куц долуш а, хьуьнхочо леррина цистина, тодина, кечдинча санна дара. Маха а бацара соьгахь хи тIехула тесна, цуьнан уьралла муьлхачу агIор йоьрзур ю хьажа.

Дукха тIех ойланаш еш а ца Iаш, сайна нийса хетачу агIор дIаволавелира со. Амма иза эрна хиллера. Жимма Iалашо хийцина дукъ хадийра ас. Амма гонах яра цхьана суьртехь лаьтта Iаьржа хьун.

КIадвелла охьалахвеллачу сан цIеххьана бIаргкхийтира цхьана диттана тIехьа лечкъинчу дийнатан IиндагIах. Дагчу иккхира - борз! Амма оцу маьIаргонна бехкенан хьажарца, цIога а лестош, гучуделира сан Гудри!..

Муствелла, со чуваьлча, суьйренна юург кечйеш йоллучу тхан нанас, юкъах а ца йолуш, элира, ванах кIант, хьо мичахь вара, Iуьйранна дуьйна хIума а кхаллаза лелаш ву-кх хьо, аьлла.

Меца вац цо, нана, аьлла, тужурка неIаре дIа а оьллина, коре охьахиира со къолам а, кехат а эцна: "ТIекхечи дашо гуьйре…"

XS
SM
MD
LG