ГIалгIайн жигархочун Саутиева Зарифин адвокаташа дехнера Ставропол-мехкан кхеле иза шо чекхдолучу хене кхаччалц лаьцна латтор къобалдеш Ессентуки-гIалин кхело бина сацам юхабаккхар.
«Иза изоляторехь ца кхобуш, муьлххачу а кхечу таIзаран хьелашка яккхар дехнера оха – цIера дIасаяла ца магочу кепехь я закъалтаца араялийтар. Оха массо а оьшу гIуллакх динера иза дIахецар магадайта: кара а йина, кечйинера цунна шенна чохь Iан хIусам, закъалтанна эшахь а аьлла, кечдинера ах-миллион сом а. Амма ца хили кхел тхоьгахьа», - элира «Кавказ.Реалиига» Саутиеван адвоката Дзугаев Билана.
Хьалхарчу кхело шена лаьцна латтон хан тIетухучу юкъанна Ессентукехь яра Саутиева, ткъа ши кIира хьалха Нальчикерчу изоляторе дехьаяьккхина.