ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайхойн мотт хьеха болор бу Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу школашкахь кхечу пачхьалкхийн меттанашлахь китайхойн мотт а хьеха Iалашо ю мехкан дешаран министраллин. Нохчийчу оцу меттан хьехархой а кхайкхина, цаьрца къамел дина деношкахь дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, хаамбо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Юьхь йолош, китайхойн мотт юкъабоккхур бу Соьлж-ГIаларчу Дешериевн цIарх йолчу лингвистикан школехь а, № 14 гимназехь а, Дешаран центрехь а, и болх шайна тIеэцна хъьехархоша Буракова Таисияс а, Федосеева Анастасияс а, яздо агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG