ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехIерано лаьцначуьра дIахецна журналист Юзик Юлия


ГIажарийчоьнан Iедало дIахецна кIира хьалха ТехIеранехь лаьцна хилла Оьрсийчуьра журналист Юзик Юлия. ХIинца иза Москох ю, хаамбина "РИА Новости" агенталло, ГIажаройчуьрчу Оьрсийчоьнан векалтна тIе а тевжаш.

Юзикна ГIажаройчоьно тIе бехк баьхьинера я бехказа араялийтина, хоуьйтуш дац.

Беттан юьххьехь лецира Юзик Юлия ТехIеранехь. Кхайкхина яхана яра ГIажаройчу журналист. ДIайоьдуш юхалур ду, аьлла, аэропортехь дIадаьккхина хилла цуьнгара паспорт. Лаьцначул тIаьхьа хаийтира гIажаройн дипломаташа, иза "тоьшаллаш дайта сацийна", кестта дIахоьцур ю, аьлла. ТIаьхьо даржийра: виза нийса ца хилла цуьнан. Ткъа телефонехула ненаца къамел деш Юзика аьллера, Израилан шпион ю боху ша.

Юзик Юлия арахеца декхарееш, ТехIеране дIахьедар хьажийра "Доза доцу репортераш" юкъаралло.

Юзик автор ю "АллахIан нускалш" цIе йолчу зударех-террорхойх а, "Бесланан дагалецамаш" – школа дIалацарх а язйинчу книгийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG