ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экономика "йохор йолу" санкцеш кхайкхо лууш бу Туркойчоьнна Iамеркан сенаторш  


Шема -- Рас ал Айн, туркоша бомбанаш тоьхначу меттигашкара бовдуш бу меттигера бахархой. ГIадужу-бутт 9, 2019.
Шема -- Рас ал Айн, туркоша бомбанаш тоьхначу меттигашкара бовдуш бу меттигера бахархой. ГIадужу-бутт 9, 2019.

Конгрессан декъашхоша Хонкарна таIзар дан деза, боху, Шемахь курдашна дуьхьал тIеман операци йолорна

Iамеркан Конгрессан декъашхоша емал йина президентан Трамп Доналдан Шемара политика, яздо "Iамеркан аз" зорабнан гIирсо. Цхьаьнатоьхначу Штатийн НАТО-хь бертахой йолчу Туркойчоьно курдийн тIемалошна дуьхьал тIеман операци йолийначул тIаьхьа цара кхайкхам бина туркойн экономика хIаллакйийр йолу санкцеш юкъаяха аьлла.

Республикан партера сенаторо Грэм Линдсис а, цуьнан коллего демократо Ван ХIоллен Криса а йовзийтина Туркойчоьнна дуьхьал дан дезачуьнан концепци.

Цу шинна хетарехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайхо еза туркойн лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхошна, шайна юкъахь президент Эрдоган Реджеп а волуш, таIзар дан деза Туркойчоьнна Оьрсийчоьнера С-400 ракетийн комплексаш эцарна, халчу даккха деза туркошна Iамеркан визанаш ялар.

Цул сов, сенаторшна хетарехь, санкцеш кхайкхо еза Туркойчоьнна герз духкуш а, цуьнгара оьцучу а, цуьнан тIеман ницкъашна оьшу энерги яккхарна накъосталла деш йолчу а пачхьалкхашна.

ТIехула тIе Грэм Линдсина а, Ван ХIоллен Крисна а хетарехь, сацо деза Iамерко Туркойчоьнна тIеман гIо дар а, ткъа иштта Эрдоганан бахамах лаьцна доклад кечъяйта а.

Туркойчоьнан эскархоша а, цуьнан бертахоша а кхаарин дийнахь тIеман операци йолийна Шемахь, курдийн позицешна бомбанаш а, ракеташ а етташ. Эрдогана дIахьедар дина, шайн операцин Iалашо ю, туркойн дозанца йолу "террорхойн коридор" дIаяккхар аьлла.

Амма дуккха а Конгрессан декъашхой а, политикаш а курдашна тIехIиттина бу Iамеркана эскаршца цхьаьна цара "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца тIом бина хиларна.

Конгрессан декъашхо йолчу Чейни Лизас дIахьедар дина, Трампан сацамо "вуно вон а, хIун дохьур ду хууш йоцу а тIаьхье" хир ю аьлла. Цунна хетарехь, шен леларца Трампа гIо дон Iамеркан дуьхьалончашна "Оьрсийчоьнна а, ГIажарийчоьнна а, ткъа иштта Туркойчоьнна а". Цо билгалдаккхарехь, низамашдахархоша тергал ца деш дуьтур дац иза.

Сенаторо Коллинз Сюзана ша саготта хилар хаийтина, Iамеркан бертахой, курдаш "къинхетам боцуш байа мегаш хиларна".

Оццу хенахь Reuters агенталло дуьйцу Туркойчоьно Шеман къилбаседехьа тIеман операци йолорна реакцех лаьцна.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохаралла

Гутерриш Антонио
Гутерриш Антонио

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллан инарлин секретаро Гутерриш Антониос дIахьедар дина, муьлххачу а тIеман операцино лара деза Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллан Устав а, дуьненаюкъара гуманитаран бакъо а аьлла.

Еврокомиссин президент

Юнкер Жан-Клод
Юнкер Жан-Клод

Еврокомиссин президенто Юнкер Жан-Клода кхайкхам бина Туркойчоьне сатухуш хилар гайтахьара, тIеман операци сацаяхьара аьлла. "Нагахь планаца кхерамазаллин олу зона кхоллар делахь, сатийса оьшуш дац Евроберто цунна ахча лур ду бохучуьнга", - аьлла цо.

НАТО

НАТО-н куьйгалхочо

Столтенберг Йенс
Столтенберг Йенс


а ша сатесна хилар хаийтина Туркойчоьнан Шемара операцеш массо а хIуманна тидам беш а, дан догIучуьнца цхьаьнадогIуш а хир ю аьлла.

Мисар

Мисаран арахьарчу гIуллакхийн министралло емалдина туркоша операци йолор, иза "инзаре харц а, вежараллан Iаьрбийн пачхьалкханна мегар доцуш долу а тIелатар ду" аьлла.

Германи

Германин арахьарчу гIуллахийн министр Маас ХIейко
Германин арахьарчу гIуллахийн министр Маас ХIейко

Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Маас ХIейкос дIахьедар дина, Туркойчоьнан операцино кхин а чолхечу доккхур ду цу регионера хьал, "цо чIагIъян мега "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба аьлла. Цо кхайкхина Туркойчоьне операци сацаяре.

Франци

Францин Европерчу пачхьалкхашкахула министр де Монтчалин Амели
Францин Европерчу пачхьалкхашкахула министр де Монтчалин Амели

Францин Европерчу пачхьалкхашкахула йолчу министро де Монтчалин Амелис дIахьедина Франци а, Британи а дагахь ю Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллан кхерамазаллан кхеташо гулъян туркоша операци йолор хьокъехь аьлла.

Итали

Италин премьер-министр Конте Джузеппе
Италин премьер-министр Конте Джузеппе

Италин премьер-министро Конте Джузеппес дIахьедар дина, операцино галдаккха мега оцу регионера хьал, маьрша бахархошна зен дан мега цо аьлла.

Цул сов, Туркойчоьно Шеман территорина тIехь тIеман операци йолорна шаьш саготта хилар хаийтина Данин а, Нидерландийн а Iедалан векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG