ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туьркойчоьно гIаш-эскар хьажийна Шема тIом бан


Шемин лаьтта тIе даьлла туркойн гIаш-эскар. Оцу хьокъехь хаам баржийна прессо, Туркойчоьнан тIеман министраллина тIе а тевжаш. Операцехь туркошца цхьаьна дакъалоцуш ду Шемарчу оппозицин дакъош а. Хьалхо дийцадаьккхира прессехь туркоша шайна гергарчу шемахойн дозанца лаьттачу курдойн ницкъашна тIе кеманашца а, яккхий тоьпашца а тохар дарх лаьцна.

Кхаарийдийнахь президента ЭрдохIан Реджепа хаийтира Туркойчоьно Шемин къилбаседанехь "Машаран хьоста" цIе йолу тIеман операци йолийна хилар. Оцу барамо шина мехкан дозанна кхерамзалла кхачор ю, аьлла хета Хонкарна.

Ал-Iарабийа телеканало, курдоша бовзийтина хаам баржийна, туркойн эскарша вийна шаьш долучуьра ши маьрша вахархо, 19 лазийна, аьлла.

Туркошна дуьхьало еш, бевзаш боцчу Шемарчу ницкъаша 6 ракета тоьхна дозанерчу туркойн Нусайбан гIалина гонах, боху туркойн Anadolu агенталло. Иштта, курдойн "Шемин демократин ницкъаш" олучу тIемалойн тобано дозанерчу Эл-Хьасакехь цIе йиллина массех мехкдаьтта доккхучу меттигах, яздо оцу агенталло.

Шина пачхьалкхан дозанца лаьттачу мухIажирийн каппашкара нах - 100 000 стаг вара цигахь вехаш - бевдда тIамах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG