ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан воI ГIалгIайчоьнан а, Оьрсийчоьнан а воккха патриот ву"


"Фортанган" журналист Майсигов Рашид
please wait

No media source currently available

0:00 0:05:52 0:00
Линкана тIе


Наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, журналист Майсигов Рашид лаьцна латтош волу кхо бутт гергга хан ю

Лахьан-беттан 12-чу дийне кхаччалц гIалгIайн журналист Майсигов Рашид чохь вуьтуш бинчу сацамна дуьхьал бина латкъам жоп доцуш битина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело кху беттан 8-чохь.

Кху аьхка Товбеца-беттан 12-чохь лецира тIаьххьарчу беттанашкахь "Фортанган" сайт тIехь болх беш хилла 31 шо долу Майсигов Рашид. Цуьнан цIийнах хьовсучу заманчохь наркотикаш чохь жима тIоьрмиг а, Гуьржийчоьнах кехаташ а карийна боху талламчаша. Майсиговс бехк тIе ца лоцу. Цуьнан адвокато Аушев Мохьмада бахарехь, лаьцначул тIаьхьа ницкъбина хилла Майсиговна. Байначу беттан 25-чохь Магасан кIоштан кхело юха а дIаяхйина журналистан хан Лахьан-беттан 12-че кхаччалц.

"Лаьцна а ца вуьтуш, кхечу низамашца цунна дIасавалар дехкар хьехнера оха СИЗО-н куьйгалле. Уггар а шога таIзар ма ду чохь сецавар, ца ваьллачу денна бен дуьхьалдоккхуш дац цу кепарниг, - чIагIонаш йо Аушевс. – Рашидера даьлла хIума дац, оцу шогачу гурашкахь латтаваллал. Цкъа делахь, цуьнгара зулам даьлла аьлла, тоьшаллашца тIечIагIдина а дац. Цкъачунна бехкевийриг ву иза, кхелехь къастор ду цуьнан гIуллакх. ШолгIа делахь, Рашид лаца цхьа а низаман бух бац, иза адамашна кхераме ву аьлла, цхьа а тоьшалла дац. Нагахь санна, цуьнан кисанахь наркотикаш карийнехь а, и бахьана дац иза чохь валло, тхуна хетарехь, цунна дуьхьал баьккхина барам тIехсов бу".

Кху кIиранчохь къаьстира, баккхийчу барамашкахь наркотикаш латтош хилла аьлла, лаьцначу Майсиговн гIуллакх теллина даьлла аьлла. ХIинца кхел хила декхар ду.

"Цхьаннах а хIара саннарг Iоттадала луур дацара"

"Тхо тешна ду, со а, тхан боллу доьзал а, гергарнаш а, кхело нийсонца хьесап дийр ду аьлла. Бакъо тоьлар ю аьлла, дегайовхо ю тхан. Бехк а боцуш стагна кхел йийр ю аьлла ца хета суна. Ткъа сан кIант хIуманна гунахь вац, со цунах тешна ю", - аьлла "Кавказ.Реалии" портале Рашидан нанас Майсигова Фердовса.

Политикан агIонца ситуацех а, Рашид дIалацаран билггал долчу бахьанех а дийца дуьхьал хилира Фердовс: "Со политикаца гIуллакх долуш стаг яц. Тахана сан сагатдийриг - сан кIант ву, иза маьрша хилийта лаам бу сан".

"Нехан санна доьзал бу тхан. Рашид даим а массаьрца а йина вара, цхьа а къайленаш яц тхан. Суна билггал хууш ду - сан кIант Оьрсийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а бакъволу патриот ву", - аьлла, билгалдаьккхира нанас.

Рашид воцург а, доьзалехь кхин а ши йоI ю церан. ШолгIа шо а ду да цомгуш волу, кIант лаьцначул тIаьхьа гуттар де эшна цуьнан.

"Стохка могуш воцуш хиллера иза. Шозза этIийна а ву иза. ХIинццалц Рашид вара цуьнца цхьана массо а дарбан хIусамех иза чекхвохуш леларг. Цхьана а ден-ненан доьзалхочух ишта сингаттам Iоттабала луур дацара суна. Цхьа дегайовхо ю тхан, хIара Iаьржа аса тхайн дахарера цкъа чекхъер ю аьлла",- дуьйцу Рашидан нанас.

Информацин тIамах ца даьлла беркат

"Рашид "Фортангехь" болх беша вара масех тIаьххьарчу беттанашкахь. Йоца артиклаш а, хаамаш а базбеш, уьш социалан машанашкахь зорбане бохура цо, сан дехарца. Доккхачу декъанна, мехкан куьйгалхо лаьттинчу Евкуров Юнус-Беках хьакхалург а, халкъан протестех лаьцнарг а яздора цо",- дийцина "Кавказ.Реалии" портале "Фортанга" сайтан коьртачу редакторо Евлоева Изабеллас.

Иза тешна ю, журналист санна цо бен болх бахьанехь иза лаьцна цахиларх, дуьххьал дIа шеца уьйраш хилла аьлла бехкевеш ву иза аьлла бу цуьнан хьажам.

Майсигов Рашиде динчу хеттарийн копи
Майсигов Рашиде динчу хеттарийн копи

"ФСБ-но цуьнга динчу хеттарийн копеш ю соьгахь. Рашида шена тIелаьцна бехк, наркотикаш а шен яра боху цо. Цул совнах, хеттарийн цхьа дакъа сох лаьцна ду, - дуьйцу Евлоевас. – Оьрсийчоьнах дIа а къастийна, Гуьржийчоьнах дIатоха еза ГIалгIайчоь бохуш, тIехь йозанаш долу кехаташ а ша дахкийтинера шега, ишта ГIалгIайчуьрчу хьолах негативе информаци Европерчу журналисташка дIакхачае бохуш, декхаревинера ша аьлла цо. Рашидан нанас дийцарехь, и кехаташ цаьргахь цкъа а хилла дац, уьш шайна тийсина ду боху цо. Ткъа ша дийцинарг бакъ дацара аьлла, тIаьхьо духьалойира Рашида ша а".

Ткъа наркотикех дерг хаьттича, "вайн пачхьалкхехь полисхошна атта карайо наркотикаш, нагахь санна, цхьанна тIеIаткъамбан, набахте хьажо дагадеача", къаьсттина журналисташна а, бакъонашлархярхошна а, жигархошна а дуьхьал леладо цу тайпа зуламаш элира Евлоева Изабеллас.

Масална, хьахийра цо "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб а, журналист Гериев Жалавди а, чергазийн жигархо Кочесоко Мартин а.

Майсигов Рашиде динчу хеттарийн копи
Майсигов Рашиде динчу хеттарийн копи

"Ша лацале хьалха Рашида дийцира соьга, нагахь санна соьца гергарло хада ца дахь, шена наркотикаш туьйсур ю бохуш, кхерамаш туьйсуш цхьаъ ву аьлла, - дагалоьцу журналисто. - Шина -кхаа кIиранна республикера дIа а вахана, болх бечуьра сецнера иза. ТIаккха Евкуровс дарж дитича, шена кхерам бац аьлла, цIавирзира иза".

Евлоева Изабеллина хетарехь, "гIакх лаца гIирс бина хилла Майсиговх, тха гIакх (мишень) со яра" аьлла цо.

"Кхул хьалха а соьгара цхьаъ даккха гIертара уьш, муьлхха а информаци лоьхура суна дуьхьалъяккха. Даим а соьца болх беш хиллачу телехьожийлерчу наха а, бевза-безачара а схьадуьйцура соьга, - билгалдоккху Евлоевас. – Сан аккаунташ а, электронан почта а йостура, сан сим-картанийн дубликаташ йохура.

Цхьана дийнахь сан паспортан копи а йохьуш, Челябинскерчу "Билайнан" офисе веанчу цхьана стага, сан сим-картин дубликат эцна хиллера. Со ехаш хиллачу меттиге кест-кеста полисхой оьхура, со лоьхуш. Роскомнадзоро кехаташ яздора - "Фортанган" сайт тIехь яржон информаци шайга кхачон хьостанаш шайга схьало бохуш".

Уггар хала дара боху Изабеллас, шен берашна кхерамаш туьйсуш, цабевзачу наха шега кхехьийтина дIахьедарш лан.

"ГIалгIайчохь хилла протест цхьана муьрехь информацин тIаме йирзира, шайн мостагI, аьлча а со, "Фортанган" коьрта редактор, хIаллакъян Iалашонца. Со цу хенахь цIахь яцара, со дозанал а арахьа яра, цундела дIалаьцна Майсигов. Сан цунах доглозу, маьIна доцу хIара тIом балебаьлла цунна. Пачхьалкхо шен къомаца болийна тIом эшна ма бу, мел хIуъа дийцахь а, къам тоьлар ду", - аьлла, дIахьедира къамел динчу "Фортанган" коьртачу редакторо.

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG