Шина зудчунна кхел йийр ю Дагестанехь борша стаг верна. Бехктакхаман кодексан "Дуьхьало ян де доцу адам тобано дер" олучу 105-гIа артиклца жоьпе озийна иза шиъ.
Талламан комитетан Дагестанерчу урхаллин векало "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, кхушеран юьххьехь 25 шо долчу ХIинжа-ГIалин вахархочун цIа еана, цо шена тIеехча, цуьнца цхьа хан хьалха яьхна зуда.
"Вийначо, ша мехах чохь Iачу петара еача, хьийзийна шеца яьхна хилларг. Цул тIаьхьа цо иза декхарейина, кредитна ахча а эцна, иза шега дIадала", - боху талламан урхаллин векало.
Зудчо, ша хьийзинарг вен дагахь, шаьш долчу кхайкхина шен гергара зуда. Талламчаша бахарехь, цушимма дIавихкина хIусамда, вийна, телефон тоьках юлучу сераца.