ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магомадова Зелихигара ненан бакъо дIаяккхар ирча харцо ю боху Страсбурго


Европерчу адамийн бакъонан кхело харц лору Оьрсийчуьрчу кхело Нохчийчуьра яхархо ненан бакъонах йоккхуш бина сацам. "Бакъонан инициатива" юкъараллин векалша бина и хаам "Кавказ.Реалиига".

30 эзар евро мах дIабала декхаре ю Оьрсийчоь зудчуьнгара шен берех доладан бакъо дIаяккхарна. Кхин а 9 эзар евро охьадилла деза Москвано Страсбургехь кхел йоьдуш хиллачу харжашна дуьхьал.

Магомадова Зелихин 6 бер ду. Полицехь болх беш велла цуьнан майра 2006-чу шарахь. Ткъа дехоша дIадаьхна цуьнгара бераш, уьш шайна тIеяздале нене царна пенсеш а дахийтина.

Нохчийчуьрчу кхело бераш Магомадоваца хила деза аьлла сацам арахецна. Амма пачхаьлкхо (пурстоьпаша) кхочуш ца бина кхелан сацам. Ткъа дехоша берашна ур-атталла тIе юьтуш а ца хилла иза.

Марвашас тIаьххьара а Зелихигара ненан бакъо дIаяккхийтина кхечу кхелехула.

Страсбургехь бинчу сацамо боху: Нохчийчохь кхело талхийна стеган шен дахар Iаткъамах лардан йолу бакъо а, доьзалан маршо а (Европан адамийн бакъонехула йолчу конвенцин 8-гIа артикл).

"Низам коьрта лоручу, демократи лелачу юкъараллехь хуьлийла дац оцул кIоршаме адаман дахар хьоьшу хьелаш", - боху Страсбурган сацамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG