ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаамийн гIирсашкара: набахтера араваьлла "нохчийн тутмакхийн эла" Ахьмад-Шелахо


Челябинск мехкан Копейскерчу №1 набахтера мукъаваьлла криминалан гонашкахь шех Шалинский Ахьмад олуш волу 38 шо кхаьчна нохчо, "низамера къу" Домбаев Ахьмад, хаамбо "Обзор" портало.

Иза гергарчаьрца цхьаьнакхетча яьккхина видео ю Instagram-ехь.

Москох 2009-чу шарахь лецира Шалинский Ахьмад, 2011-чу шарахь набахтин луьрачу хьелашкахь такха итт шо хан туьйхира цунна, и хан чекхъялла кху кхаарийдийнахь.

"Тажтиллира" цунна (Оьрсийчуьрчу криминалитетан декъо "низамера къу" хаьржира) 2012 шо доьрззуш. Хенаш яьхна цо БуьрийтIерачу изоляторехь а, "Соль-Илецкерчу №6 а, Челябинск махкарчу Пирсы эвларчу №1 а набахтешкахь. ТIаьххьарчу цхьана шарахь эха шарахь Iийна Копейскехь.

Набахтешкара а, тутмакхашкара а хьелаш тергалдечу "Прайм Крайм" агенталлин редактора Гефтер Викторияс бечу хаамца, "нохчийн къуйн эла" олу цIе кхача тарло Шалинскийна.

"И меттиг шегахь кхаба массо а де-таро йолуш ву Ахьмад, цо ша чIогIа дика гайтина. Массо а кепара хьекъале, цIе лелаш стаг ву иза, цу тIе иза вац наркоман, кхиболу "нохчийн къуй-элий" санна. Иза оццу кепехь вевзаш висахь, деза ду цуьнан "нохчийн тутмакхийн боламехь" хиндерг", - яздина "Прайм Краймо".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG