ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ненан бакъонаш меттахIиттийна, амма дIа ца делла бераш


Нохчийчуьра яхархо Магомадова Зелиха
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:30 0:00
Линкана тIе


Ненан бакъонех яьккхинчу нохчочунна Магомадова Зелихина тIехIоьттина ЕСПЧ.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело харцбина оьрсийн кхелахоша Нохчийчуьра яхархочуьнгара Магомадова Зелихера ненан бакъонаш дIаяхар.

"Юхаян дихкинера суна"

Ялх беран нана ю Магомадова Зелиха. Милицехь болх беш хилла цуьнан цIийнда Болатханов Махьсуд вийра 2006-чу шарахь белхан декхарш кхочушдечу заманчохь. Нажин-Юьртан кIоштарчу Бетти-Махкарчу шен цIа чуьра араяьккхинера 30 шо долу Зелиха цуьнан марвежарша, берашна гергаяр а доьхкуш. Нанас доьзал лелорна реза ца хиллера зудчун марзхой. Йоккхахйолчу йоьIан 13 шо дара хIетахь, жимахдолчу беран 4 шо.

"2010-чу шарахь Чиллан-беттан 15-чохь сайн меттахь йолчу нене хьажа яханера со, цу дийннехь юха а еара со, - дагалоьцу Зелихас "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь. – Чукхаьчча марвешо Болатханов Эласолтас йиттира суна, хьайн берийн терго еш яц хьо бохуш. Ищерская олучу станице сан нана йолчу дIайигира цо со. ЮхаягIахь могуьйтур дац ша элира соьга. Ас бераш вон леладо бохург бакъ дац, сан марвежарий лулахь бехаш ма бара. Ас а, сан хIусамдас а деш хиллачу цIийнан гонах керт а яцара, дерриг а гуш ма дара".

Шен берийн да веллачул тIаьхьа, цуьнан вежарша шегара дIадаьккхира боху Зелихас 2, 5 миллион гергга Iедало делла компенсаци а. Ишта бертаза куьйгаш яздайтира цуьнга, тIера да велча Iедало хIора баттахь луш долу пенси а шайга схьаэцийта. ХIора берана 10 эзар сом дара кхочуш дерг.

Шаьш юург-мерг латтайора марзхоша, амма ша карахь сом а доцуш йитира бохуш, чIагIдо Магомадовас. Ноьвр-кIоштан кхеле а елира иза, бераш юхадерзо гIерташ. Мукъаденошкахь берашна тIеян бакъо елира цунна. ХIетте а, цул тIаьхьа а шо сов зама елира, марвежарша кхунна бераш ца гойтуш. Бераш шех къайладохура, ткъа шена кхерамаш туьйсура боху Зелихас.

2013-чу шарахь кхелехула марвешо Болатханов Эласолтас ненан бакъонех яьккхира жима зуда. Ткъа берийн доладан верасалла шена тIехь дитира.

"Магомадовас берийн терго еш яцара, даим а тIехь боьха хуьлура уьш, школе оьхуш а дацара, - бохуш, кхелахошка далхийнера Болатхановс. – 2010-чу шеран ГIуран-баттахь бераш охьа а тесна, шен нана йолчу дIаяханера иза. Берех оьцуш пенси а ду, хIетте а царна деш гIо а дац, царна тIе йогIуш а яц. Бераш чIогIа дуьхьалдевлла цунна".

Зелихас чIагIдо, дуьйцург бакъ дац бохуш. Нагахь шайн юьрта еана хаалахь, ша юьйр ю бохуш, шена марвешо кхерамаш тийсарх дуьйцу Зелихас.

Нана цхьана а йоцуш хьалакхиъна бераш

"Правовая инициатива" проектан а, нохчийн "Зударийн бакъонаш" организацин а гIоьнца массо а оьрсийн инстанцешкахула чекхъяьлла Магомадова, амма хIетте а цхьана хIуман тIехь аьтто баьлла бац цуьнан. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листа чуэцнера цуьнан гIуллакх.

Карарчу шеран ГIадужу-беттан 8-чохь цуьнгара ненан бакъонаш дIаяхар низамехь дац аьлла, хьесап дина, жоп делла цунна кхелахоша.

30 эзар евро мах дIабала декхаре ю Оьрсийчоь зудчуьнгара шен берех доладан бакъо дIаяккхарна. Кхин а 9 эзар евро охьадилла деза Москвано Страсбургехь кхел йоьдуш хиллачу харжашна дуьхьал.

Страсбургехь бинчу сацамо боху: Нохчийчохь кхело талхийна стеган шен дахар Iаткъамах лардан йолу бакъо а, доьзалан маршо а (Европан адамийн бакъонехула йолчу конвенцин 8-гIа артикл).

Магомадовера ненан бакъо дIаяккхарца дех-ненах дийна дисинчу цхьанца уьйр-марзо эцарх хадийна хилла доьзал аьлла, тIечIагIдина Европан кхело.

"Низам коьрта лоручу, демократи лелачу юкъараллехь хуьлийла дац оцул кIоршаме адаман дахар хьоьшу хьелаш. Пачхьалкхан структураша цхьа хIума ца дина, Магомадова Зелихин шен берийн доладан а, цаьрца цхьана яха а лаам хиллашехь", - боху Страсбурган сацамехь.

Ишта документ тIехь билгалдаьккхина, Зелихас берийн доладеш цахиларан далийна цхьа тоьшалла цахилар а.

"Кавказ.Реалии" портале "Зударийн бакъонаш" организацехь дийцарца, Нохчийчохь кест-кеста нисло цу кепара ситуацеш, амма дукха хьолахь, аьтто болу бартбан: ден а, ненан а берашца уьйр латто цхьатерра бакъонаш а юьтуш.

Делахь а, йа ден, йа марзхойн даим а нанна тIеIаткъамбан агIо карайо. Дукха хьолахь, Iадаташа бо Iаткъам: дуьненчу даьлла бер дехойн лоруш ду.

"Зелихин хилла марзхой ницкъаллийн структурашкахь белхаш беш бу, меттигерчу инстанцешкахь церан тIетовжийла ю, цундела аьтто ца хуьлу Зелихин, - дуьйцу "Зударийн бакъонаш" организацин векало. - Страсбурган кхело Магомадова Зелихина бераш юхалур дац, уьш-м иза цхьана а йоцуш хьалакхиъна. Амма кхузахь коьртаниг кхин ду - хиллачух Iорадаккхар, кху проблемех лаьцна диллина дийца дезаш хилар а".

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG