Европерчу адамийн бакъонийн кхеле кхаьчна ГIалгIайн къоман цхьааллин комитетан, Тайпанийн кхеташонан векалан Барахоев Ахьмадан арз. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаамбина "Бакъонан инициатива" юкъараллерчу юристаша.
Бух а боцуш лаьцна кхабар (Адамийн бакъонийн конвенцин 5-гIа артикл талхор), итт денна административан низамца изоляторехь латтор дIадахдар (Конвенцин 6-гIа артикл талхор), гулам дIасалахкар (Конвенцин 11-гIа артикл талхор), политикан буха тIехь лацар (Конвенцин 18-гIа артикл талхор), Несарарчу "Бакъонан инициатива" юкъараллин офисах хьовсуш, Барахоевс оцу юкъараллерчу адвокаташка гIодехарх долу докуметаш талламчаша къайладахар (Конвенцин 34-гIа артикл талхор) далхийна жигархочо Страсбургерчу кхеле.
8-гIа бутт бу Барахоев лаьцна кхобу. Iедалан векалшна духьал латарна бехкево иза.
2019-чу шеран Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь гулам хилира Магасехь. Нохчийчоьнца шайн мехкан Iедало республикан доза къастош харцо йина аьлла, протесте бевллера нах. Цара мехкан куьйгаллера дIавала бохура Евкуров Юнус-Беке. ШолгIачу дийнахь гулам дIасалалла арабевлира Iедалан ницкъаш, царна духьалойира оппозиционераша. Iедало ша гулам бохийначул тIаьхьа иттанашкахь лийцира жигархой.